Читать онлайн книгу «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь» автора Мзия Ратиани

Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь
ИсмаIал Акаев
Мзия Ратиани
Мурман Ратиани
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш – безам, доттагIалла, сатийсам.

Кавказан баххьаш
III том. Обарган новкъахь

Мурман Ратиани
Мзия Ратиани
ИсмаIал Акаев
Жайна лерина ду Кавказан къаьмнийн Ассамблеян Президентана Кутаев Русланна

Переводчик Янина Дикаева
Редактор ИсмаIал Акаев
Иллюстратор Изнаур Акаев
Дизайнер обложки Изнаур Акаев

© Мурман Ратиани, 2023
© Мзия Ратиани, 2023
© ИсмаIал Акаев, 2023
© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2023

ISBN 978-5-0060-7290-9 (т. 3)
ISBN 978-5-0060-7298-5
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero


III-гIа том Кавказан баххьаш


Ратиани Мурман – кху жайни бух биллинчу архивни кехатийн а, талламийн а автор

Ратиани Мурман
ХIара жайна йаздина Ратиани Мурмана гулдинчу кехатех пайда оьцуш. Цо доккха дакъа диллина Кавказан обаргех лаьцна хаамаш баржорехь а, Iалашбарехь а. Къилбаседа Кавказехь ша даьккхинчу шерашкахь Ратиани Мурмана Кавказан обаргех лаьцна мах боцу хазна гулйина. Цуьнан тоьшалла ду кху жайнехь Кавказан бакъ болчу турпалхойн дахарера кийсагаш. Йешархоша сатийсина йолу «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том кхоьллина Ратиани Мурмана вовшахтоьхначу архивни гIирсан буха тIехь. Ратиани Мурман вина 1929-чу шеран бекарг беттан 21-чохь, Гуьржийн мехкан Абаша олучу жимачу гIалахь. Ишкол йаьккхинчул тIаьхьа иза Гуьржийн махкара политехнически институтан гIишлошйаран факультете деша хIоьттира. Дешар чекх даьккхинчул тIаьхьа, 1947-1950-чу шерашкахь цо Баку гIалахь эскарехь тIеман декхара дIакхехьнера. Цул тIаьхьа иза Батуми гIалара МКС-е дIахьажийнера. Цигахь цо тайп-тайпанчу даржашкахь болх а бинера. 1962-чу шарахь Ратиани Мурман ГIебартойн Балкхаре а, Къилбаседа ХIирийн Республике а кхаьчнера шен белхан гIуллакхашкахула. Цигахь цунна бевзира Къилбаседа Кавказан шортта цIе йаххана бевзаш болу йаздархой а, кхоллараллин интеллигенцин векалш а. ХIетахь дуьйна цо шен дерриге а дахар паччахьан Россин къизаллина дуьхьал къиссам латтош хиллачу Кавказан турпалхойн кхолламаш талларна а, царех лаьцна хаамаш гулбарна а лерира. Хала хеташ делахь а, Мурманан дахаран некъ чекхбаьлла, амма цуьнан рицкъаца нийсса, Мурманан кхоллараллин некъ ца хаьдда, цуьнан похIма долчу йоьIа Ратиани Мзияс къахьегар бахьана долуш, таханлерачу дийнахь аьтто баьлла Мурманан литературни а, исторически а лехамаш кху пайдехь жайнехь оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь вовшахтоха.




Автор
Ратиани Мзия йина 1962-чу шеран кхолламан беттан 26-чохь Батуми гIалахь. 1979-чу шарахь цо чекхйаьккхина Тбилиси гIалара ишкол. Ратиани Мзияс болх бина заводера комсомолан райкомехь кадрови декъан куьйгалхочун даржехь. 1986-чу шарахь иза деша хIоьттира Рига гIалин 4-чу медицински колледже. Ратиани Мзияс болх бина ЛССР-ан Могашалла Iалашйаран министерствон 4-чу урхаллин 2-чу больницехь. 1989-чу шарахь дуьйна цо белхаш бина Гуьржийн мехкан медицински хьукматашкахь. Гуьржишна а, абхазашна а йукъахь тIом хиллачу хенахь цо болх бина Гори гIалара госпиталехь. 1996-2000-чу шерашкахь цо болх бина Тбилиси гIалара кардиологически клиникехь. 2001-чу шарахь дуьйна иза йукъараллин болх беш йу. 2015-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш йу дас йолийна роман чекхйаккхарна тIехь.



Автор
Акаев ИсмаIал – журналист, публицист, редактор, йаздархо, театран а, кинон а гIуллакххо, Лондонера Евразийски Кхоллараллин Гильдин Декъашхо, Кавказан йаздархойн декъашхо. 90-чу шерашкахь дуьйна литературехь жигара къахьоьгуш ву. Акаев ИсмаIалс йазйина, зорбане йевлла хIара тайпа маьIне, кIоргера чулацам болу литературни-исторически говзарш – трилоги «Серебреник», «Дахаран туьха», «Siiver Coin», «Записки штрафника. Млечный путь», «Свобода или смерть», «Маршо йа Iожалла», иштта шортта публицистически статьйаш а, дийцарш а, цул совнаха Акаев ИсмаIал автор ву, Нохчийчоьхь дуьххьара зорбане йаьллачу проектан – «Генеалогическое древо ЧIИНАХ БОКИ-ДУКЪАРХОЙ». Цуьнан литературни говзарш гочйина нохчийн а, Iаьрбойн а, туркойн а, италхойн а, ингалс а меттанашка. 1992-чу шарахь Акаев ИсмаIалс Москва гIалахь схьайиллинера «Исмайл» цIе йолу театр. ТIеман шерашкахь цо журналистан болх бина дуьненйукъара изданишкахь. Карарчу хенахь Акаев ИсмаIалан литературни кхолларалла шуьйра йевза вайн махкахь а, иштта цуьнан дозанал арахьа а.



«БIов»
ТIулг буьллуш тIулгана тIе,
Бохь боккхуш стигалан Iаьрша,
ТIоговзас тарханна тIехь
БIов йотта йолийра Нашхахь.
Шурийца датийра латта,
Буьйр тухуш кечйира маркхал.
Хичуьра ворданахь готта
Чхар-тIулгаш кхийхьира тоъал.
Боккха тIулг зIарзакъца ойуш,
Жиманиг – тIебахьаш карахь,
Оьшучохь гIо-орца кхойкхуш,
БIов йина йелира шарахь.
НеIарна тIехула, куцдеш,
«Кура тIулг» биллира шера.
ЖIоьвнаца, сенаш а нисдеш,
Хьажийра массо а кхера.
ГIат къовлуш хьовзийра кхазарш,
Пенаца нисйира товха.
Дечиган кечдира ламеш,
Кхерчан зIе тесира тховха.
Iад кхосса йитира барол,
ТIо тоха йира мершкхера,
Кор дира дIахIотто гIарол
Тергалъян мостагIийн гIера.
ТIаьххьара бIов йерзош пхьеро,
Ял шен схьаэцале хьалха,
ЦIурко-тIулг буьйгIира чхерах,
Воккхавеш биначу балхах.
//Умхаев Хьамзат//


Суьртан автор Берсаев Абдуллах

Пролог

Обарган новкъахь
Ассаламу Iалайкум, лараме йешархой. Хазахетарца шун тидаме йалайо «Кавказан баххьаш» цIе йолчу романан аш зорбане йаларе сатийсина йолу 3-гIа том. Эрна билгалйаьккхина йац оха – автораша кхоалгIа том «Обарган новкъахь» аьллачу цIарца. Кху агIонашкахь литературни башха исбаьхьаллин маттаца гайтина мел чолхе хилла обарган некъ. Кхузахь йешархочун аьтто хир бу Кутин дахар ма-дара довза, цуьнан да-нана цхьанакхеташ, цара долийна кIоргечу, замано зийначу безаман жайна деша. КхоалгIачу томан коьрта башхалла йоьзна йу кху агIонашкахь йешархочунна йовзуьйтур йолчу хIинцалц цхьанна а йевзина йоцу Кутин дахарера шатайпа кийсагаш. Къаьсттина билгалдаккха деза мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла цуьнан дахарехь зудчо. Кху агIонашкахь вайна хуур ду Кутин обарган некъ уггаре а хьалха цуьнан нанас къобалбина хиллий. Цуьнан Iилма а, кIоргера кхетам а бахьана долуш хууш хила Кутина нохчийн маттал совнаха Iаьрбойн а, тюркийн къаьмнийн а, иштта гуьржийн а, оьрсийн а мотт хууш хилла. Нохчаша халкълахь Воккха Хьажи олуш хиллачу Сесанара Ташу-Хьаьжин кIентан йоIа Цацас дагахь КъорIан хууш хьафиз ша хиларе терра, дукха жимчохь дуьйна бусулба динаца а, Iаьрбойн маттаца а цкъа а йовр йоцу уьйр кхоьллина хилла шен кIентан. КхоалгIачу томехь хуур ду вайна го обарган новкъа вала Кутина и некъ баьккхинарг хиллий Кутин да – Маьхьди, ткъа цо халкъана чIир оьцуш, йукъ йехкаран бахьана доьзна ду оьрсийн а, нохчийн бIешерашца лаьттачу мостагIаллица, бIешеран йохаллехь империс нохчийн къомана тIехь латтош хиллачу къизаллица, уьш охьатаIо, къарба цо лелош мел хиллачунца. Кхузахь вайна йуха а го мел доккха маьIна ду адамалла бохучу дешан, хIунда аьлча адамаллин цхьаьна а кепара дозанаш дац. Лаккхара адамалла, син-оьздангалла йолчу йаьхь йолу нах кхолламан майданехь нисбалар бахьана долуш, аьтто болу Кутин Iедалан таIзарах кIелхьарвала.
ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар. Довта-МартантIера обарг Кутех лаьцна, цхьацца бахьанашца нохчийн йукъараллехь цкъа а шуьйра дуьйцуш хилла дац. Ткъа и бахьанаш вайна ма-хаьара оьрсийн Iедало даима кхуллуш хилла. Нохчийн иэс самадаларан кхерам гуттаренна а хилла оьрсийн Iедалехь.
«Кавказан баххьаш» цIе йолчу кху шатайпа кIоргера жайнахь йешархочунна карор йу Кавказан къаьмнийн а, иштта нохчийн къоман дахарера а хIинцалц шена йевзина йоцу агIонаш. Ратиани Мурмана шен архивашкахь йозанца гулбеш хилла шайн дахар ца кхоош, нийсонан а, диканан а новкъахь лаьтташ хиллачу Кавказан бакъ болчу турпалхойх лаьцна массо а хаамаш. Амма, хала хеташ делахь а, Мурман дуьнен чуьра дIавахана шен йозанашна чакххе йан а, зорба тоха а ца ларош, амма доккха ирс ду Мурманан кхоллараллин некъ ца хадийта, цуьнан йоI Мзия хилар. Иза бахьана долуш, аьтто баьлла вайн тахана, Мурманан архивехь пайда а оьцуш – цуьнан йозанашна тIехь болх бан а, хIара жайна зорбане даккха а.
Кху жайнан тIехь бан беза болх хIинца бина баьлла, амма кестта йешархойн аьтто бер бу йоьалгIа том йовза а. КхоалгIачу томан хIора а агIонехь йешархошна бевзар бу дIаэхначу шерийн исторически хиламаш, маршо а, паргIато а къуьссуш хиллачу турпалхойн майра ойланаш, церан синхаамаш, лехамаш. Со воккхаве кху жайни тIехь мехала дакъа дилла сайн аьтто баларна.

Амма ала догIу – ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.
Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан – керлачу бIевнан тIулг билла.
ХIоразза а летара нохчий мостагIех шайн маршо, паргIато, синтем къуьссуш. МостагIийн терахь алсам мел долу, гIора дайна къам кхин а лекха лаьмнашка хьалагIертара. Лакха хьала мел довлу, цаьргара ницкъаш кхууьра, уьш и лаьмнаш санна онда а, зоьртала а хуьлура, цундела мостагIчо ца боккхура толам, иза иэшамца лаьмнашкара йухавоьрзура.
Цигара охьабиссича, шайн хIусамех йиссина херцарш бен ца карайора царна, амма дахаре болчу безамо, цу дахарца йолчу шовкъа гIо дора царна и хIусамаш тайеш, цу чохь керла дахар кхолла, доьзалаш кхио. Ишта дIаоьхура бIешераш. Карарчу хенахь, 21-чу бIешарехь а дерриге а дуьне теш хилира нохчийн къомана тIебеанчу баланан – йохийна, йаьржийна йарташ, гIаланаш, амма цара шайн дайша санна йухаметтахIоттийра шайн дахар, царна йуха а карийра шайгахь доьналла а, ницкъ а. ХIора а нохчочо шен бIов йуьллуш, лерина тIулгана тIе тIулг буьллу, и тIулг цуьнан къоман историн лард йу. ХIора а тIулг нохчийн Iадат ду – къоман син-оьздангаллин лийр йоцу гIап, и хIора а бIов – къоман тIум йу, цуьнан иэс дийна хиларан билгало йу. Нохчийн лаьмнашкахь лаьтташ йолу бIевнаш шатайпа архитектура хилла ца Iа, иза – нохчалла кхоллалуш йолу пхьаьлгIа йу: – Бусулба дин, Сий, Адамалла, ГIиллакх, Доьналла, Ларам, Оьздангалла, Маршо, Нийсо, Барт, Ийман, Комаьршалла, Къинхетам – къаьсттина и лийр йоцу мехаллаш йеха цу бIевнашкахь, цу мехаллех йоьттина а йу уьш нохчийн къомо. Цу мехаллашна йукъара цхьаъ мукъне а «тIулг» ца хилахь, бIов хаьрцар йу, иштта нохчочун йиш хир йац ша нохчо ву ала, нагахь санна цуьнан дахар цу мехаллех доьзна ца хилахь.
Нохчий цкъа а ца хилла дин доцуш, ийман доцуш. ХIинцалера харц историкаша нохчийн къам Iеса хилла боху ойла йаржо гIерта йукъараллехь, амма нохчийн къам кху дуьнен чохь мел деха, дехаш хиллачу Iадатана чохь гулйелла йу бусулба динан уггаре а йеза мехаллаш. Хийла къахьегна мостагIаша нохчийн къоман цIе йожо гIерташ, цунна ирча цIе кхолла гIерташ. Цу гIуллакхна шайн ницкъаш ца кхоийна цара цкъа а, амма даима а иза эрна хуьлу, хIунда аьлча нохчийн къоман ша мокхазан берд санна йоккха гIортор йу – цуьнан истори, мотт, син-оьздангалла.
Къаьсттина меттан хьокъехь дерг аьлча, билгалдаккха деза нохчийн мотт кху дуьнен чохь уггаре а хьал долчу а, ширачу а меттанашах цхьаъ хилар. Нохчийн меттан хIора а дош кIоргера чулацам а, маьIна а долуш ду. Нохчаша шайн маттахь йитина тIаьхьенна йовр йоцу лар – дуьненан да Дела хилар тешош. Цундела и Дела воцург шайн коьртехь цхьа а гина вац царна цкъа а, цундела ца хиъна царна цкъа а цхьанна а къарбала – йа паччахьан Iедална а, йа аренца тIелеташ хиллачу мостагIашна а, йа къизачу советски политически ражана а.
Нохчочо орамца хадош ду шен тайпанехь а, тукхумехь а ша санна волчу маьрша стагана тIехь олалла дар. Нохчаллехь каро мегар ду хьекъалан, динан бух. Цу буха тIехь кхуллуш хилла къомо шен кхане, нохчаллас къагош хилла цу къоман дахаран некъ.
ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна. ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.
Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган хьалхарчу а, шолг1ачу а томашкахь коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг. Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.
ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу къаьмнашна тIехь олалла дан, цу къаьмнийн барт бохош, уьш дохийна даржо, уьш шех дозуш хилийта.
Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.
Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.
Ширачу заманехь дуьйна даима а мостагIашца латточу къиссамехь кхиъна йу нохчийн къоман лаккхара син-оьздангалла, доьналла, шайн Даймахкана – Кавказана муьтIахь хилар. ХIора а заманехь хиллачу къизачу тIемашкахь, буьйсанан боданехь гучудовлу седарчий санна гучубовлуш хилла нохчийн къонахий. И къонахалла наноша аганехь дуьйна кхиош хилла берашкахь. КIилло хилла дуучу дуьненан мах хетта бац нохчашна цкъа а. Нохчо дегIаца а, сица а кхиар чолхечу хьелашкахь хилла, амма хIете а иза нуьцкъалла а тоьлла а хилла Кавказ къар йан оьхучу мостагIел.
Ишта сица а, дегIаца а турпалалла шегахь йолуш веана кху дуьненчу Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута а. Цуьнгахь дегIан хазаллел а, лаккхарчу син-оьздангаллел а, майраллел а кIоргера Iилма а хилла.
Мел зама дIаэхарх, оьрсийн Iедалан Кавказан хьокъехь йолу политика цкъа а хийцайелла йац. Цу Iедалан лаам цхьаъ бу – Кавказан къаьмнаш шайн историх, маттах, Iилманах, оьздангаллех дохуш, уьш сийсаза дар.
ХIара книга, шеко йоцуш боккъалла а Кавказан жайна лара мегар ду, хIунда аьлча кхузахь автора цхьа а озабезам боцуш гойту хIора а Кавказан къоман сирла ламасташ, гIиллакхаш, амалаш. Гойту церан барт а, цхьалла а. Обаргийн вежараллийн уьйраш, уьш вовшашна орцане гIовттар йу кху книгин коьрта башхалла а, кIоргечу чулацаман цхьа агIо а. Автора доккхачу литературни похIмаллица а, исбаьхьаллица а довзийтина коьртачу турпалхочун – нохчийн обарган Кутин васт. Иза къиссамах, цIий Iанорах хьаьгна, хьере зуламхо вац, иза халкъан чIирхо ву. Цуьнан коьрта лехам – нийсо йу. Цу нийсонан новкъахь лела хаьа цунна.
Ала деза, заманан майданехь шена дуьхьал Iоттавеллачу муьлххачу а къомера а, динера а, даржера а волчу стагаца бийца мотт карийна цунна, шен ойла а, ша арабаьккхина некъ бовзийта а хиъна. Кутин ламастехь дацара гIийлачунна тIехь ницкъ бар, иштачу ницкъашна дуьхьало йан даима а доьналла хилла цуьнгахь. Дашца а, гIуллакхца а нийсо къуьссуш хилла иза даима. Цо цкъа а ца къестийна къаьмнаш. Мискачу стеган орца а, мекара мостагIан кхерам а хилла лелла ву обарг. Цуьнан сирла васт дуьненан тIегIанехь дийца хьакъ ду. Билгалдаккха деза, иза бекхаман новкъа валаран коьрта бахьана а. Йезарца шовданехь лаьтташ хиллачу жимачу стаге ца ладеллера нуьцкъала шен махка а кхаьчна, шен къомана тIехь олалла дан гIертачу бийца бух боцучу, мостагIаша, шайн боьхачу ламастехь ма-хиллара нохчийн йоккхачу стагана йина гIело.
Исбаьхьа хазачу нохчийн матто дашо хIур биллина пхьегIа санна хазйина хIара книга. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн мотт кху дуьненчуьра муьлхха а мукъамца богIуш хилар, цу маттахь аьлла муьлхха а дош шатайпа чулацаме доьрзий хазлуш хилар. Ойла йе йешархо, хьайн ненан меттан бекаре, тIаккха хьуна хьайн Даймехкан васт гур ду – ламанца даима а йекхна хуьлу Iуьйре, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а.
Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамийн эшарехь цхьа тамашийна мукъам хеза. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хетало и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан.
Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург йетташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а сурт диллархочун а, йа илланчин а. И тайпа хазачу маттахь довзийтина долу Кавказан хаза гIиллакхаш дагах ца кхетийла йац.
ХIара книга шеко йоцуш мехала дакъа ду нохчийн литература кхиорехь а, Iалашйарехь а. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн меттан хазалла кху книгин агIонашкахь йовзийтиначу гочдархочун корматалла лаккхара хилар. ХIора а кийсаг шатайпа дагах кхеташ, ша зевне мукъам санна йека лерехь. ЧIир, къиссам, цIий Iанор, къизалла, амма цу дерригенна а йуккъахь, Кавказан оьздаллица, кIоргера нохчийн маттахь кху агIонашкахь бовзийтина сирла безам. Масала, кхарачойн эла Бекмирзас нохчийн обарге шен дагара дийцар:
«Кута! Суна чIогIа эхь-м хета хьоьга иза дIаала, амма сан бехк болуш хIума дац иза. Безам бахна сан. БерхIиттара ваьллачу жимхина санна йоI йезаелла суна, цу безамо дIалаьцна сан берриге а кхетам. Со мичча а вахча а, хьаьнца а къамел деш хилча а, хуьлийла со цIахь йа, ломахь, йа хьуьнхахь, йа доьзалан гуонехь, доттагIашца шуьнехь, йа мостагIашца болчу къиссамехь, сан ойланашкахь цуьнан сибат бен кхин хIумма а дац. Де а буьйса а, вижар а, гIаттар а доцуш лелаш ву со. Цуьнан и исбаьхьа хаза амат ша барзана тIаьхьа ваьлла иччархо санна суна тIаьхьа даьлла лелаш ду.
Ас даима а лоьху и амат – гIенахь а самах а, лоьху, марха даста хьаьгначо стиглахь маьркIажен седа лоьхуш санна, ижунна тебначу цIоькъ-лоьмо лоьхуш долу лу санна, диканах дог диллинчо тIаьххьара сатийсам санна, лоьху турпалхочо лоьху шен толам санна. Лехнарг карадо ма олура, ва Кута! Цуьнан и кIоргера, дахаран цIе шайна чохь кхерсташ болу и жугIар ши бIаьрг, ломара шовданан санна долу цуьнан и самукъне йелар – цу дерригено а со хьере вина…»
Ларамза дац нохчийн матта ишта шатайпа боккха тIеIаткъам беш хиларан, хIунда аьлча и мотт ширачу Шумерера схьабеана, Пайхамараша бийцина мотт бу, цундела ду цу меттан бекар ишта шатайпа, цу матто кхуллуш йу нохчийн къоман син-оьздангаллин лард. Шеко йоцуш хIара книга, йерриге а Кавказан исторехь йоккха меттиг дIалоцуш йолу говзар йу. Кху книгас самадоккхур ду нохчийн къоман иэс, тIаьхьарчу тIаьхьенна нийсонан, Бекхаман Новкъахула доьналлица чекхваьлла волу вайн къоман сийлахь турпалхо – Довта-МартантIера, чIинхой тайпанера нохчийн обарг Кута вовзуьйтуш.

    Акаев ИсмаIал – Евразийски Кхоллараллин Гильдин декъашхо, Кавказан йаздархойн Клубан декъашхо.


Сурт диллинарг Айтек Дуг

Обарган новкъахь
Шийла буьйса —
Меца кийра.
Дайна гIора,
ГIийла говр а.
Тоьпан гIап а,
Шаьлтан ботт а.
Буьйса Iаьржа
Стиглахь седа…
Дуьне-эхарт,
Упханан тхов а,
Кошан барз а,
КIайн марчо а.
Шийла тIулг а,
Iаьржа верта.
Йоьду зама —
Дог ду цхьалха.
Ненан бIаьргаш —
Шийла шовда.
Деле воьхуш —
Йиша йоьлхуш.
Буьйса Iаьржа,
Борз а угIу…
Шена кIант а
Дена оьшу.
Буйнахь шаьлта,
Топ а, тапча…
Дехен лазам —
Деган чов.
Боьхна новкъахь
Обарг лела —
Цхьалха тIулг а
Хилла шийла.
Йилла къоман
Лекха, чIогIа —
Дехе сийлахь
Лекха бIов…
Ирс а доьхна
КIант а лела,
Шовдан йистехь
КIудал йеса…
    Акаев ИсмаIал

Нохчийн обарг Довта-МартантIера Кута


Суртан автор Дикаева Янина

Безаман кхоллам

I
Ши кIира даьллера Кутас къеначу Шоптакхан говраш йухайерзийна. ХIинца обарг шен доьзалца хан йоккхуш, Довта-МартантIехь вара. Ма-дарра аьлча-м иза цIахь хуьлуш а вацара. Стиглахь маьркIажен бода баржарца нийсса, араволура иза луларчу йарташкара а, кIотарашкара а шен накъостий болчу хьошалла дан.
ВаларгтIера аьккхи лор Элмарза волчу а кхечира Кута, шен чов цунна гойтуш. Иштта масех де даьккхира обарга СемаIашкара шен зумсой вежарий болчохь а. Дуй биъна вешица Котар-Йуьртара нашхо ГIирмахаца цхьаьна Йоккхачу АтагIара Тамаев Аюб волчу а вахара Кута, масех де Шелахь а даьккхира. Иштта кхечира дай баьхначу Уьшкхала а. Ма хаза бара Даймохк, ма цIена, ма ирсе, ма сирла хетара обаргана ша кху лаьттахь йоккхуш йолу хIора а гIулч. Бекхаман новкъахь, халкъан чIир оьцуш, хийла Кавказан лаьмнаш толлура цо, амма кхузахь санна цхьа тамашийна мерзачу лазамо ца хьулдора дог. Синтем бойначу кху нохчийн ломахь ма дехара обарган синтем лоьхуш долу са…
Цаца реза йацара кIантана, цо доьзалца хан кIезиг йоккху бохуш.
– Ва Кута, хьан кIентий баккхий хилла. Цхьа жимма мукъне а царна а кхачийта хьо! Царна а оьшу хир ма ду хьоьгара гIо. Уьш-м хьоьх дагабовла, хьан хьехаршка ладогIа сатесна ма бу. Айхьа кху къомана ца кхоош йолу йовхо, тхуна а кхачийта жимма. Хьоьх хьоьгуш, хьо гаре сатесна ма ду тхо, ткъа хьо чувоьрзуш а вац! – йелха озалуш, неIсагIе йахара йоккха стаг.
Кутин дог Iевжира. Ша боккъалла а бехке хийтира цунна доьзална хьалха.
– Нана! Сан дика нана! КъинтIера йалалахь суна. Кху чолхечу дахаран беза мохь бу ас хьан белшашка божийнарг. Хьайн къоналла а, хьайн дерриге а дахар а суна лерина хиллачу ахь, хIинца хьайн дахарехь йаьккха йиссина хан сан берашна дIайелла. Боккъалла а ма бехке ву со хьуна хаьлха – марайоьллира цо нана, цуьнан йерриге а йовхо шен сих а, дегIах а хьарчош. Ишта бара обарган дахаран чолхе некъ. Халкъана, къомана, Даймахкана цо ца кхоийначу безамах а, йовхонах а хьоьгура цуьнан сих баьлла доьзал а, хIара вина нана а.
Кутас сацам бира цхьа кIира цIахь даккха. Ма боккха кхаъ бара иза обарган доьзална. ХIора сарахь шайн деца пхьор дар, шайна дуьненан Iаламат гар санна хетара Кутин берашна. Кута хьешашка хьоьжуш вацара, цундела Хьамида дIакъевлира кевнаш. Могашалла дика тайелла, цIентIехь дезарш деш йара Заза а.
Кутин дахаре ларамза кхаьчна адам дацара Заза. Алдыра хорачочун Ульбин йоI Заза обарг Зеламхин маьхча йара. Ульби – Зеламхин дещича вара. Хазаллица шен бIаьрг бузош йолу къона йоI Кутина дуьххьара гира ша Зеламхица Алды веанчу хенахь. Жималлехь ЦIака олуш хилла йолу Заза йокхха меттиг дIалецира обарган синтем бойначу дахарехь, ткъа дукха хан йалале цуьнан кхерчара цIе латош, обарган хIусамнана а хилира цунах. Нускалан цIе хийца дийзира, хIунда аьлча ЦIака цIе йолуш Кутин гергара стаг йара, ткъа нохчийн Iадатехь марзхойн цIе йаккха магийна дац несаршна. Заза сиха йоьллера шен керлачу цIарах а, керлачу доьзалах а. Цхьа хан йаьлча Зазин доьзалан а дезар ду Алдыра Довта-МартантIе сехьабовла. Алдыхь дов даьллачу хенахь, Ульбин вашас Бенара ши ваша вийна хилла, амма чевнаш хилла ша а дIакхелхинера иза. Нохчийн Iадато ма-бохху цу доьзалца гIиллакх латтош, йуьртах бевллера УльбигIар.
Гергарчаьрна хаьара Кута цIахь хилар, цундела цуьнан паргIато ларйеш, ха деш бара Кутин шичой Эска а, Джама а. Нагахь санна кхерам хилча, сихонца цуьнан гIо даккха а, иза ларва а кийча бара къона ламанхой. Цундела ма ца лаьара Кутина цIахь дукха хан йаьккха, шен гергарчарна а, накъосташца а ша бахьанехь зулам ца хилийта.
ХIара суьйре боккъалла а цхьа шатайпа йовха йеара обарган доьзалехь, ткъа иза хазйинарш бара Цацин жималлин дагалецамаш.
– Мегар дуй со чоьхьайала? – хаьттира Цацас, кIентан неI тухуш.
– Ва дер мегар ду! – сихонца маьнги тIера гIоттуш, нана чуйалийра Кутас.
Шена тIаьхье, берийн бераш а дахкош, чоьхьайелира Цаца. Обарган чоь йоккха йацара. Цхьа кор керта хьоьжуш дара, ткъа важа божалина чу даьккхина дара, Кутин говран са ца гатдалийта. Кора йистехь лаьттара тIетиссина кхакханаш а долуш, дечиган маьнги, ткъа цунна улло беа кога тIехь лоха стол. НеIарна дуьхьал лаьттара доккха тIорказ а, масех гIант а. КIеда йолче шен нана охьахаийтира Кутас, цуьнан букъа тIехьа гIайба а буьллуш. НеIсагIехь эхь хеташ лаьттара бераш.
– Хьамид, чоьхьадовла шу а! – кхайкхира берашка Кутас. Дас аьллачух хилла доза доцу хазахетар ца лечкъош, чоьхьавелира Хьамид а, Ремид а, ткъа царна тIаьхье Бакали а. Меллаша чоьхьайаьлла, Цацин когашка охьалахйелира Заза а. Кутина гуш дара шен дагна безначийн йаьххьаш тIехь йолу нуьре серло. Ма чIогIа сагатдина хилла цара кхунна. Кхуьнан сих а, дегIах а хьаьрчира цхьа шатайпа йовхо, шерашца кхо сатийсина хилла синпаргIато. Кху шатайпа сарахь кхийтира Кута ирс бохучу дешан дуьззинчу маьIнах.
– Муха хир дара те сан дахар ас кхин некъ хаьржинехь? Массара а санна дийнахь аренгахь къахьоьгуш, ткъа сарахь доьзалца цхьаьна пхьор дууш, цхьанна а новкъа а воцуш, цхьаьнгара а кхерам а боцуш, буьйсанна мерзачу набарна а тевжаш, Iуьйранна маьлхан зIаьнарша сама а вохуш? Вахалур варий теша со ишта? – цIеххьана ойла кхоллайелира Кутин. Амма обарган дахар кхин дара. Иза бекхаман новкъахь вара. Кхолламо хаьржинера иза бехк боцуш шен къоман Iенийначу цIийх чIир иэца, цундела йухаволийла дацара, деган кIоргенехь мел чIогIа цо паргIатоне сатийсарх а. Эххар а Кутин ойланаш йукъахйохуш, йистхилира Цаца:
– Дийцал хIинца – элира цо Кутин кIенташка. – Хьоьца цхьа къамел дара кхеран. ЧIогIа сатесна бара хIорш хьоьца ишта паргIат хан йаьккха, къаьсттина Хьамид. Делан къинхетамца вайна а кхечи хIара тховса, цундела хатта шайна луург – элира Цацас.
Хьамида эхь хетта корта оллийра. Жимхас боккъалла а сатийсинера деца дагара дийца, амма и мIаьрго тIекхаьчча, кIант воьхнера. Хьамидана Кута да хилла ца Iара – иза Кавказан тоьлла къонаха, Паччахьан эскарна шен цIарца кхерам тоссу турпалхо вара уггаре а хьалха. Шен кIантана гIоьнна йеара Заза.
– Баба, дукха хан йу Хьамид шен дега хатта лууш волу ша цунна улло хила мегар дарий, цо хаьржинчу некъаца ваха мегар дарий?
Кутас доккха са даьккхира:
– Дер Хьамид воккха ма хилла. Суна накъост хуьлу хан а йу цуьнан. Амма цхьа хIума ду. Цкъа делахь кхолламо ша къастор ду цо муьлха некъ харжа беза. Нагахь санна кхолламан жайнахь Дала йаздинехь иза мацца ваьлла а вер ву со санна бекхаман новкъа, цундела зама сихйан ца оьшу. Заманан дой ахь шед йетта ца оьшуш даима а чехка хуьлу хьуна, Хьамид. Иза цкъа а диц ма делахь. ШолгIа делахь, суна кху хIусамехь оьшу сайн метта тешаме гIортор. Де дийне мел долу, со паргIат хуьлу, сайн хIусамехь, сан доьзалах жоп дала боьрша стаг вуйла хууш. – Вехха кIентан бIаьра хьаьжира Кута. – Сан да а, цуьнан да а, доцца аьлча вайн дайша хаьржина бу бекхаман некъ. Цара ца хаьржина дахарехь паргIато а, синтем а, ирс а, цундела сан ши кIант а кийча хила веза, муьлххачу а мIаьргонехь шайн Даймохк а, шайн къоман сий а, шайн дин а ларда мостагIчунна йуьхьдуьхьал хIотта. Болатал чIогIа хила деза шу дегнаш, цу дегнел чIогIа аш делла дош. Даима дагахь латтаде сий долуш дуьнен чохь ваха хала ду, амма сийлахь ду. Сан дахар атта ду моьтту шуна, мел чIогIа ас мостагIашна кхерам тассарах, мел чIогIа со майра хиларах, цу мостагIех цхьаммо соьл хьалха герз кхоссахь, сан дахаран некъ хедар бу. Ламанца лела берзалой санна бу со а, сан накъостий обаргаш а. Тхуна ца хаьа муьлха Iуьйре хир йу тхайн дахарехь тIаьххьара, амма эзар ирсе некъ тхайна хьалха кхолламо биллича а, оха йуха а хоржур бара бекхаман чолхе некъ, хIунда аьлча тхан ирс тхайн къоман маршонца доьзна ду. – Кутас дехха къамел дира шен кIенташца…
Хетарехь, иза ша а хиллера шен дагахь дерг дийца хьаьгна. Кутин ца хиллера ишта шен ден къамеле ладогIа аьтто. Хин волчу обарган йалх шо бен дацара, да бакъ дуьнене вирзинчу хенахь.
Халла дагайогIура обаргана шен денана Товсари. Иза Тумсой тайпанера йара. Доьзалехь уггаре а йоккха хиларна вежарша чIогIа ларам лелабора цуьнца. Къаьсттина цунах чIогIа ийна вара уггаре а жимох волу ваша Бетамарз. Цундела вара цуьнан ши кIант Ахмарза а, Нохмарза а ишта тIекаре шайн дейишица. Товсарин кIант Эза – Кутин деваша санна Нохмарза а вара Имам Шемалан наиб.
Ткъа да Кутин иэсехь гуттаренна а виссира къовламе а, буьрса а стаг санна. Кутина дага ца догIура цо ша цкъа мукъне а хьостуш йа маравуллуш. Шерашца къуьйлура Кутас шен деган кIоргенехь и вас, цкъа а цхьанна а иза ца йовзуьйтуш. Дегара ца тоьуш хилла безам а, йовхо а девашас Эзас меттахIоттийра кIентан дахарехь. Обарга цIеххьана шен нене хаьттира:
– Нана, со сан дена дукха везарий?
Кутас и хаттар дуьххьара деллера шен нене, цундела Цаца цецйелира:
– Вай дер везара. И стенна хаьттира ахь?
– Суна цкъа а дага ца догIу, цо со хьаьстина, йа довха дош аьлла… цундела хоьттура ас. Суна чIогIа хала а, буьрса а амал йолуш стаг хетара иза.
– Дер везара хьо цунна чIогIа дукха. Хьо бен кхин дахаран маьIна ма дацара цуьнан кху дуьнен чохь. Iуьйранна хьо самаваларе сатуьйсура цо, буьйсанна хьо дIавижча хьуна са гатлора цуьнан, амма къонахийн ламастехь дац синхаамаш Iорабахар, ткъа и санна къонаха суна сайн дахарехь гина вацара. – цIеххьана шен къамел сацийра Цацас. ТIех лазаме бара дагна сел мерза болу къоналлин дагалецамаш. Йоккхачу стеган йуьхь нуьре хуьлуш сирла йелира, Кутин да хьахийча. Цецйаьлла Заза кхийтира бакъ болу безам замано тишбеш ца хиларах.
– Хьан да шен дахарехь атта адаме лалур боцу бала лайна стаг вара, цундела кхоьрура иза вайшинах къастарна. – йоккхачу стеган хебаршка иэхначу йуьхьтIехула охьахьаьдира бIаьрхийн даккхий тIадамаш. Массо а кхийтира дагалецамийн лазамо Цацин дог Iовжийна хиларах. Эххар а гIайгIане тийналла йохош, йистхилира Бакали:
– Баба, дийцахьа хIун хиллера дадина? Ахь цкъа а ца дийцинера тхоьга цуьнан дахарах лаьцна.
– Дер ду и дукха лазаме, дукха Iовжаме дийцар. – доккха са даьккхира Цацас, ткъа йуха жимма соцунгIа а йина, долийра шен дийцар. – Дуккха а, дуккха а шераш хьалха, оьрсийша къиза дийнера цуьнан пхи бер а, Довта-МартантIехь хазаллица цIейаххана хилла зуда а. Шен дахаран ткъе итт шо чIирана дIаделлера шун дедас. ХIара дуьне гатдинера цо шен мостагIашна. Цуьнан аьтто а баьллера уьш массо а вен, цхьаъ виссалц. И цхьаъ таIзар ца деш витинера цо, цуьнан кегий бераш хиларна.
– Баба, хьуна девзарий и бераш? Тхан ден вежарий а, йижарий? – догцIена велакъажарца хаьттира денене Кутин жимох волчу кIанта Ремида.
– Суна муха бевзар бу уьш? Со хIетахь дуьнен чохь а ца хиллера. – йелайелира Цаца.
– Муха? Хьайн майрчун берел жимох йу хьо? – шен цецйалар ца лачкъийра Зазас.
– Сан майра-м сан дел а вара воккха! – йелакъежира Цаца. Мел лазаме хиларх а, амма дагалецамаша хьоьстура цуьнан дахаро Iовжийна дог.
Шен марнана маракъовлуш, Зазас дийхира:
– Баба, дийцахьа муха девзинера шу? Хьо Нохчмахкара ма йу, Органал дехьара.


Сесана…

II
– Йу. Со йина а кхиъна а Нохчмахкара Сесанахь йара. Боккхачу, ирсе доьзалехь кхууьш йара со, ден-ненан безамах а, бахамах а хьаьгна йоцуш. Къаьсттина чIогIа со качйина лелош йара сан денанас. Цунна чIогIа дукха йезара со. Иза Кавказехь цIейаххана волчу шайхан Ташу-Хьаьжин йоI йара. Кесира йара сан дененан цIе. Ши-кхо шо долуш дуьйна цуьнца йуьжуш, гIоттуш, цо лелош йара со. Дукха жима йолуш дуьйна цо сийлахь деза КъорIан а, Iаьрбойн йоза а Iамийра суна. Бабас соьца цхьаьна шен чохь кхин долчу берашна а дара КъорIан Iамош. Шийтта шо кхаьчначу хенахь долийра ас сийлахь деза КъорIан дагахь Iамо. Кертахь, цIентIехь деш долчу массо а гIуллакхах мокъа йаьккхинера со, сан дешарна новкъарло ца йан. Нанас дов дора суна, гIуллакх дан Iама бохуш. Маре йахча, майрчо аракхуссур йу хьо. Хьанна оьшу ишта зуда? – олура соьга нанас. – ненан сирла сибат дагатесначу Цацас соцунгIа йира шен къамелехь. Цхьаммо а сихйеш йацара иза. Массарна а хаьара кийрара охьахецабелла дагалецамаш совцур бац, цундела Цацас йуха а долийра къамел.
– Ткъа шо кхаьчча, дерриге а КъорIан дагахь хаьара суна. ХIетахь сацам хилира сан дененан маьждигехь зудберашна лерина хьуьжар схьайоьллуш, со цигахь хьехархо балха хIотто. Иза сан дахаран йоккха а, шатайпа а агIо йара. Зудбераш сан дешархой хилла ца Iара, со йоьллера церан къоначу кхолламех, дахарех. Суна бевзара церан лаамаш, сатийсамаш, бIаьстенца лаьттахь гучуйевлла зIийдигаш санна болу церан дуьххьара цIена синахаамаш. Тхан гергара масех йоI тхо долчохь Iаш йара дешар чекхдаккхалц. Суна дахарехь гуш кхин хIумма а дацара, айса хаьржина Iилма доцург. Сан коьрта Iалашо йара сайх тешна долу зудберашна буьззинчу барамехь сайн хаарш кховдо. Хан йоьдура. Суна хаьара сан дагна тIедоьлху некъаш лоьхуш дукха кегий нах хилар. Нохчийчоьхь бевзаш болчу Iеламнаха дукха захалонаш кховдийнера сан дега. Цхьаберш духьало йан ца товш хиллал цIейаххана а бара Нохчийчоьхь, амма сан дог къевлина дара, ткъа цуьнан догIа даста церан ницкъ ца кхачарна со ма йацара бехке. Бехке дукха хьолахь сан денана йара. Цо дукха жима йолуш дуьйна дийцинера соьга къонахаллех лаьцна, доьналлех лаьцна. Со жима бер долуш цо туьйранашкара турпалхой буьйцура соьга, ткъа йоккха хилча дуьненахь Нохчийчоьнан цIе йаккхийтина болу турпалхой буьйцура. Шайх Мансур, Имам Шемал, Ташу-Хьаьжи, ШоIайп-Молла… церан цIерш йехара сан синхаамех хьаьгна долчу, къона даг чохь. Ас цаьрца могIаре хIотто мегар долчу къонахчуьнга туьйссура са. Сан ойланашна ца хаьара лаьттахула лела, уьш цу къонахийн сийлалла йехачу стигланан лекхалле кхийдара, церан доьналас дегош хиллачу лаьмнийн ирхенашка кхийдара. Цундела дара суна хала дахаран накъост харжа. – йуха а ойланашка йахара Цаца, ткъа цуьнан дийцаро исбаьхьа туьйрано санна дIалаьцнера массеран а кхетам.
– Цкъа цхьаьна дийнахь тхоьга хьошалгIа веара ЦIоьнтарара ШоIайп-Моллин кIант Мухьаммад-Хьаьжа. – дIадолийра къамел Цацас. – Иза сан дененан генара гергара стаг вара. Чохь кхин хийра стаг ца хиларна, денанна улло охьахиъна, церан къамелашка ладугIуш йара со.
– МостагIашна чIир оьцуш, лелаш хиллачу Довта-МартантIера хьан гергарчу стагах хIун хилира? ЧIир эцна ваьллий иза? Маьрша дахаре йуха ца вирзина? – хаьттира сан денанас Мухьаммаде.
ГIайгIане велакъежира тхан хьаша:
– Наггахь Нохчийчоьхь а хуьлу иза. Масех бутт хьалха Довта-МартантIехь цаьргахь хьошалгIахь волчу хенахь гинера суна иза. Цуьнца цхьаьна бара гIебартойн элий – вежарий Кучук а, Атажуко а. Заманан йохалла цуьнца нийсса и къиссам дIахьош, цуьнан тешаме накъостий хилла схьабогIуш бу уьш. Уьш болчохь Iаш-вехаш а ву иза-м церан тайпанан йуьртахь Кучмазуковохь. Дукха оьрсийшна чIир иэцна цо бохуш дуьйцу наха, амма кхин а цхьаъ лоьхучух тера ду цара.
– Маржа-йаI хьо, зама! Ишта стеган хила ма йезара шорта тIаьхье. Эхартахь са паргIат дер ду цуьнан доьзалан, шайх чIир иэцний а хууш. Кхин зуда йалор нисделлий цуьнан? – хаьттира сан денанас.
– Дер ца хилла. Иза ду-кх доьхнарг. Цуьнан гергарчара чIогIа сагатдо иза тIаьхье йоцуш виссарна, амма зуда йало лаам болуш вац иза хетарехь.
– Бехк бац цаьрга. И санна долу адамаш шайна хилла ца Iаш, дерриге а къомана а пайдехь ма ду. Сихонца зуда йало йеза цара цунна. – холчухIоьттира сан денана.
Цхьа тамашийна тIеIаткъам бира сан дагна цу къамела. Дукха ойла йира ас цу ца вевзачу къонахчун. Денанас туьйранашкахь бийцинчу турпалхойх тарвелира суна иза. Мила ву и дерриге а нохчийн къоман сел ницкъ болчу мостагIчунна чIир кхайкхинарг а, и чIир иэца аьтто баьлларг а?
Масех дийнахь хьийзара сан коьртехь цунах йолу ойланаш. Эххар а денене хаьттира ас:
– Баба, мила ву Мухьаммад-Хьаьжис вийцина Довта-МартантIера и стаг? ХIун хиллера цигахь? Стенна чIир оьцуш ву иза?
Цу дийнахь хиира суна сайн дахарехь коьрта меттиг дIалоцур йолчу стеган къизачу кхолламах лаьцна.
– Хьо дуьнен чу а йалале, аьхкенан цхьаьна довхачу дийнахь оьрсийн эскара Довта-Мартанан гуо лецира. – долийра шен къамел сан денанас. – Йаьккхий тоьпаш йетташ, хIаллак йира цара йурт. Божарий аьхкенан белхаш беш, цIахь боций хууш, тешнабехкаца тIелатар динера оьрсийша. Маьхьди а вацара цIахь. ЦIа кхаьчча цунна гира йохийна шен хIусам а, йийна зуда а. Зудчунна букъа тIехьа, набаро товжийча санна Iохкура делла бераш. Ша чевнаш хилла йоллушшехь, бераш тоьлана чохь дIалачкъо аьтто баьллера зудчун, амма уьш хIете а садукъделла деллера, оьрсийша цIенох цIе тассар бахьана долуш. И сурт шен бIаьргашца гиначу Маьхьдис, цу мIаьргонехь дуй биънера шен доьзалах а, хьомечу йуьртах а чIир иэца. Шен дерриге а дахар чIирана дIаделла цо хIетахь дуьйна. ХIинцалц Дала аьтто беш, схьавогIуш а ву иза – элира сан денанас, ша дийцинарг тIечIагIдеш санна.
Сан кийра цIе латийнера цу дийцаро. ХIетахь хиира суна халкъан чIирхо бохучу дешан маьIна. Суна цкъа а гина вацара и стаг. Суна хаьара иза сан да хила мегар долуш воккха вуй, амма къонахчун амалах хьаьгна долу сан аьрха са, цу стеган сине гIертара. Сино хоржуш хиллера заманан майданахь мила ву шена уллохь оьшург.
– Зуда стенна ца йалайо цо? – хаьттира ас дегочу озаца.
– Дош делла ву иза, герзаца йихкина йукъ, шен доьзал хIаллак хиларна бехке волу, тIаьххьара мостагIа вийча бен йостур йац ша аьлла. – ойланашка йахара сан денана. – Зуда а хилла боху цуьнан исбаьхьа хаза. Иза йицлуш а хир йац цунна, амма мел хаза а, жима а зуда хьакъ йу цунна. И санна волчу къонахийн тIаьхье оьшуш хьал ду вайн къомехь.
Цхьаммо неI тухуш, хадийра сан дененаца хилла къамел. Цул тIахьа Довта-МартантIера доьналла долчу чIинхочух лаьцна кхин хIумма а суна ца хезира. Сан дененаца и къамел хилла кхо-диъ шо дIаделира. ХIетахь суна дуьххьара гира иза со гIумкойн Эндерей олучу йуьртахь хьошалгIахь йолчу хенахь. Сан дененан ден Ташу-Хьаьжин нана тарковски эланашах схьайаьлла гIумко йара. Со бабица кест-кеста цаьргахь хьошалгIахь хуьлура. Тхойшиъ цаьргахь хьошалгIахь йолчу цхьаьна сарахь хIусамдай цIеххьана дIасхьаида буьйлабелира, цIентIехь кечамаш беш. Церан къоначу несе хаьттира ас хIун хилла.
– Цхьа беза хьеший бу боху богIуш! Ламазаш дина, йууучух кхетта, хье ца луш, дIагIур бу уьш – элира соьга йедда йоьддушшехь несо. Церан хIусам йоккха а, сирла а йара. Кертахь кхин а масех гIишло а йара. Со зударийн агIонехь йара, ткъа тхуна дуьххьал долчу цIа чохь кечамаш бара беш, хьеший тIеэца. Сан башха боккха бала бацара цигахь хуьлучун, амма цIеххьана сан дог тIекIалделира зударийн къамелаш хезча. Цара дийцарехь кхуза богIуш берш Довта-МартантIера нохчий а, гIебартой а бара. Со сихонца кора йисте хьедира. Корах тессинчу кIади тIехьа а лечкъина, ара хьаьжира со. Дакххий кевнаш дIадиллича, чоьхьа велира пхи бере. Ламанхой говрашкара каде охьалилхира, ткъа хIусамдайша дегайовхонца маршалла хоттуш, тIеийцира уьш. Хьешийн тобанна хьалхаваьлла вара леккхачу дегIехь, къоьжа маж а йолуш, тайначу аматехь цхьа ламанхо.
– Марша вогIийла хьо, Маьхьди! Ма дика ду хьуна тхан йуьрта богIу некъ бицбелла ца хилла! – маракхийтира цунна хIусамда.
Со кхийтира сайна гуш верг Довта-МартантIера халкъан чIирхо Маьхьди хиларах. Цуьнан къамел суна дика хезаш дацара. КIеззиг сайна хезначух со кхийтира уьш ламазаш а дина, дIагIур хиларах. Суна гира Маьхьдин йуьхь-сибат. Иза хIумма а дахаро а, дахарехь лайначу балано а гIелдина, къандина дацара. Муьлхха а жимха санна доьналлех воьттина вара иза, ткъа цо дIайоккху хIора а гIулчаца, дIакховдош долчу куьйгаца гуш йара нохчийн къонахчун оьзда амал. ГIодайукъ йихкина долу герз а нисдеш, байн ког боккхуш, чоьхьа велира иза. – соцунгIа йира Цацас, йехха коре а хьоьжуш, синтем бойначу шен къоналлера и ирсе сурт бIаьргашна дуьхьалхIоьттича санна, ойланашка а йахана.
Кутас леррина ладугIура цуьнга. Цхьа тамашийна синхаамо дIалаьцнера обарган берриге а кхетам. Цунна цкъа а хезна дацара муха хилла шен ден а, ненан а довзар. ДIаэхначу замано шен кирхьа диллича санна хетара цунна. Тийналла йохош хезира кхойкхучу молланан мукъаме аз. Кутас Хьамиде корта таIийра, ламаз иэца кечам бе аьлла. Дечиган маьнги тIера сиха охьаиккхира Ремид.
– Ас ламаз дан кхакханаш охьатоссур ду. Мегий? – пурба дийхира цо Хьамиде. Хьамида велакъажарца шел хьалха аравалийтира жимох волу ваша, ткъа ша денанна гIо дира маьнги тIера охьайосса.
Массара а ламазаш диначул тIаьхьа, Зазас стол кечйира. Йовха сискал шен нене дIакховдош, стоьла хьалха охьахиира Кута. Уьш пхьор дина бевлча, берашца йуучух кхета охьалахйелира Заза а. ТIейогIучу буьйсанан боданехь йашна дIайолуш йара маьркIаже. Мехкдаьттанан чиркх а латийна, гIийла КъорIан доьшуш вара Кута, Зазас меллаша неI тоьхначу хенахь. Ша долийна айат чекхдокхуш, корта хьалаайбира цо.
– Бабин дийцаре кхин дIа а ладогIа лууш дара-кх чIогIа со а, бераш а. Кхин ишта аьтто болий ца хаьа цуьнан шен дахарера дагалецамаш бовзийта. Хьуна хIун аьлла хета? – дехарца цуьнан бIаьра хьаьжира Заза.
– Нийса боху ахь! – элира Кутас, КъорIан тарха тIе дIахIоттош. Схьакхайкха ахь нана а, бераш а. Со суо а ву, ненан дагалецамашка ладогIа хьаьгна.
Заза хазахетар ца лечкъош, сихонца арайелира. Кутас доза доцуш лорура Заза иза шен ненаца кIеда-мерза хиларна. Боккъалла а йоккха уьйр йара марненан а, несан а. Зазина дахаран масала хетара, син-оьздангаллех дуьзна долу шен къеначу марненан васт…



III
Массо а йуха а Кута волчохь охьахиира Цаце ладогIа. Йехха корах ара а хьоьжуш, шен къамел долийра йоккхачу стага:
– Эндерейхь суна иза гиначул тIаьхьа дIаделира кхин а масех шо. Цул тIаьхьа иза тхо долчу Сесана веара. ХIетахь дуьххьара цхаьнатуьйхира кхолламо тхан дахаран некъаш. Делкъ ламаз диначул тIаьхьа со сайн зудберашца маьждигера хьуьжар йолчу агIор йоьдуш йара. Божарийн некъ ца хадо, пена йисте девлла лаьттара тхо. ЦIонтарара ШоIайп-Моллин кIантаца Мухьаммад-Хьаьжица цхьаьна ламанхойн тобанна йукъахь лаьттара иза. Суна сиха вевзира иза, ткъа дилха дог кийрара араэкха санна тохаделира. Мухьаммад-Хьаьжи иза йуьстах а ваьккхина, цхьаъ дуьйцуш вара цуьнга, тхо долчу агIор бIаьрг а бетташ. Даго цхьаъ хьоьхура суна, амма ас лоьхкура коьртера ойланаш. Эххар а суна йицйелира и мIаьрго. Масех де даьлча, шеца цхьаьна ши-кхо воккха стаг а валош, тхо долчу веара Мухьаммад-Хьаьжи. Денанас кхайкхира соьга. Со чоьхьа йаьлча, суна гира сайн нана а, кхин болу тхан гергара нах а.
– Хьоьга ца хаьттича ца йолу со. – Йехха соьга хьаьжира баба. ХIара лараме нах хьо йеха баьхкина бу.
– Баба, суна ца лаьа маре йаха. Хьуьжарера дешар чекхдаккха дезаш зубераш ду сан. – сиха гайтира ас сайн реза ца хилар. Сан ткъе йалх шо дара. Ма-дарра аьлча со хан йаьлла йара. ХIетахьлера мехкарша дукха хьалхе дуьтура шайн ден цIа, цундела массо а цецволура сан маре йаха ца хуьлучу лаамах, цул совнаха, соьца доьзал кхолла лууш а, соьца безам болуш а дукха тоьлла ламанхой бара.
– Нийса боху Цацас! Сихо йац цуьнгахь. Кхуьнах тешна, Iилма Iамош долу зудбераш а дуьйтийла ма йац ах новкъахь! – реза хилира соьца сан нана. Ма-дарра аьлча со цунах цецйелира. Нана даима сагатдеш хуьлура, со маре ца йоьдуш, ткъа хIинца гуш дара иза духьал хилар.
Со арайолуш, неIсагIе кхаьчначу хенахь, дийкира сан дененан аз:
– Хьо йеха нах бахкийтинарг мила ву хаьий хьуна?
– Мила ву? – хаьттира ас йуха ца йоьрзуш.
– Довта-МартантIера чIинхо Маьхьди. – дозаллица элира бабас. Со Iадийча санна сецира, ткъа йуха массо а цецвоккхуш, йухахьаьжначу ас меллаша сайн денене элира:
– Баба, со реза йу!
Денана соьца арайелира.
– Йелла ма йала хьо! Хьуна гина а ма вац иза! Цкъа мукъне а бIаьрг тоха цуьнга – йоьхнера сан денана.
– Ахь соьга вийцина Маьхьди вуй иза? Валахь суна иза тоьуш ду! Ган оьшуш дац, суна гина ву иза. – сайн дахарера коьрта сацам тIеоьцуш, доцца жоп делира ас бабига.
Тхан къамел хезна, тхуна тIаьхьа арайелира сан нана.
– ЙоI, хьо лартIахь йуй? Хьан дел воккха ма ву иза. Айхьа лелочух кхеташ йуй хьо? – оьгIазйахара сан нана.
Суна чIогIа дукха йезара сайн нана, амма тхойшинан амал къаьсташ йара. Сан санна тIомайевлла йацара сан ненан ойланаш. Дахаран къайленаш йовза ца гIертара цуьнан са. Шен долчунах тоам а беш, ирсе хила хууш стаг йара иза, ткъа со даима лакхене кхийдара, шатайпалле кхийдара. Нохчийн туьйранийн турпалхойн васташ тIехь денанас кхиийна йолчу суна хала дара сайн нийсархойх кхета, цундела хаьржира сан сино, дахаран къаьхьа чам хиъна волу нохчийн къонаха Маьхьди.
– Нана, сан бала бац цуьнан шерашца. Тхан синош ду цхьаьна хеннара, ткъа иза ду коьртаниг. ДегIан хазалла а, къоналла а иза йоцачу хенахь бен хьоьца хир йоцу цIока йу, ткъа абаде кхочур дерш синош ду. Боккъалла а Дала ирсе ван лиъначу стагана бен нисдийр дац заманан майданахь шен сих тера са. Вайн къоман мостагIий шен цIарца кхерош, къонаха ма ву иза! Дозалла а, ирс а дац цуьнан хIусаме кхачар? – хих дуьзначу бIаьргашца, аз айдеш йистхилира со нене. Хетарехь, и къамел деш йерг со йацара, бакъ болчу безамах, йист йоцучу синхаамах шерашца хьаьгначу деган кIоргенашкара декара сан аз.
Нана кхийтира дерригенах а. Эххар а бабига хьаьжна, элира цо:
– Ахь кхиийна иза ишта… сан дан хIума дац.
Бабас тхо массо а ара а даьхна, сан дега кхайкхира. Иза чоьхьа ваьлча, цо элира:
– Ширачу заманехь дуьйна, ден пурбанца бен йоьдуш ца хилла нохчийн йоI маре, амма хIете а вайн дайша ларбина мехкарийн лаам а. Цаца реза йу Довта-МартантIера чIинхочунга Маьхьдига маре йаха, амма хIете а кху доьзалехь тIаьххьара дош хьоьгахь хир ду.
– Нана, тIаккха хьуна хьайна хIун аьлла хета? – хаьттира сан дас. Иза лерина хьоьжура шен нене, Ташу-Хьаьжин йоьIан кIоргера хьекъалан а, син-оьздангаллин а мах хууш вара иза.
– Со реза йу цу захалонна. Цацина къаьсстина ишта цIийнда оьшу – заманан зерах чекхваьлла, йукъараллехь дош лелаш, лаккхара доьналла а, син-оьзаднгалла а йолуш волу. Хан йаьлла ву иза, со кхета, амма Делан лаам хилахь цхьаъ хилла а бер хир ду церан. Къонаха стагана йаьхь йолу тIаьхье кхио хуур долуш йу Цаца – жоп делира сан денанас.
– Ас вай цу захалонна реза ду аьлла жоп лур ду цаьрга. Хан билгалйаьккхий, зударшка шайн кечам бе ала! – аравелира сан да. Бабас соьга дукха дийцинера Маьхьдих лаьцна, цундела ларамза дацара даима лакхене кхийдаш долу сан до цу къонахчун деган ирхенашка кховдаре.
Ахбуьйса йаьллера Цацас шен къамел дерзош. Исбаьхьаллин хатIехь, цхьа шатайпа хаза дийца хууш хиллера цунна, шега ладугIуш болчеран ойланаш шен къоналлин замане а йуьгуш. Кутас доггах маракъевлира нана.
– Маржа-йаI сан нана! Ма дика хаьа хьуна кху дахаран мах. Хьо санна йолчу къонаха зудчунга бен лалур ма дацара хьан белшашка доьжна и деза дукъ. Сан дас къоналлехь а, ткъа ас хIинца къаналлехь а синтемах йаьккхина хьо, амма хIете а хьуна цкъа а ца хетта хьуо ирс дайна. Тхоьца нийсса хьо а ма йу мостагIашца къуьссуш, хьайн собарца, хьайн доIанашца, ахь вайн кхерчахь латийначу цIарца. МостагIаша тIаьхье йоцуш витинчу сан ден хьо бахьана долуш хIу ца хаьдда. Ахь цуьнга кховдийначу безамца иэцна цо шен хIаллак хиллачу доьзалах чIир. Оьрсийшна уггаре а чIогIа лууш дерг ма ду вай доьза дайар, вайн хIу хадор. Сан дас болийна а, ас дIакхоьхьучу а нийсачу къиссамехь хьо ма йу сан коьрта гIортор, нана! Хьан сатийсамаш кхочуш беш, хьо сайх реза йар йу хьуна сан чолхечу дахаран коьрта Iалашо. Деле со воьхуш, ахь дечу цIеначу доIанах тешаш, майрра ма волу со муьлхха а кхераме новкъа – элира Кутас. ХIора а дош даггара олура цо. Цуьнан озехь хаалуш бара нене болу бовха безам а, кIоргера ларам а. Хьомечу кIентан и къамел хилира Цацина дахарехь мел лайначух хьакъ долу совгIат…




Борзак бекхаман новкъахь

I
Цхьа мIаьрго санна дIаиккхира обарган доьзална ши кIира. Довта-МартантIехь цкъа а ишта дукха хан йаьккхина вацара Кута. Ца лаьара цунна щен доьзалан а, гергара нехан а дахарна ша бахьанехь зулам хилийта.
Буьйсанан боданехь, чабол болар оьцуьйтуш, дIахехкира Кутас, тешаме накъост хилла шен аьрха – Эла цIе йолу дин. Чов дIайоьрзуш, доьзалан гуонехь дикка садоIуш, хан йаьккхина волу Кута ницкъах, дахаре болчу безамах, сатийсамах вуьзна вара. Чергизара Хатухшукай цIе йолчу ломара йуьрта воьдуш вара Кута, шен дуй биъна доттагIа, чергизойн обарг Хьапагож волчу. Шоптакхан говраш Прохладнера сехьа йохучу хенахь иза лазийна аьлла хезнера Кутина. Карабулакийн латтанийн хьаннашкахула ламанийн кIаже боьдура обарга арабаьккхина некъ. Ассински чIожана тIехваьлла, Джейрахе а кхаьчна, ткъа цигара Несаран гIопана ирхнехьа, ХIирийчоь йолчу агIор вахара Кута. Буро-ГIалина а, Бесланна а тIехваьлла дигорски латтанашка кхечира обарг. Кхузахь цо хьошалла лелош, шортта хIирий накъостий бара Кутин, амма цигахь ца соцуш, кхин дIа ГIебарта некъ бира обарга.
Эла цIе йолчу кхуьнан говрана дика девзара хIара некъаш, цундела буьйсанан йуккъехь атталица чекхлелхара иза мел дуьткъачу ламанан тачанашкахула. Амма Урух хих гечохула болуш, кхуьнан дин цIеххьана терсира. Хетарехь говрана бевзира шен Даймохк. Масех чаккхарма бен генахь ма йацара хIара говр йина а, кхиъна а йолу йурт. Дер дика ма йевзара Кутина Кургакора эцна, эла Шарданов Берда кхунна совгIатна йеллачу говран амал. Кхийтира обарг говран аьрха са Даймехкан хIаваъ девзина терсаш хилар.
Кутина цIеххьана дагатессира ГIебартара Урух хи йистехь йолу Прямая пядь цIе йолчу йуьртара Кургако волчу цо шена цIе тоьхна йитина хIара говр иэца ша веана де. ХIетахь билггал хIара говр иэца цига веана хиллера гIебартойн эла Шарданов Берд а.
– Дер ма ирча тIаьхьалонаш хила тарлора цу дийнан нагахь санна Шарданов Берда шен амал хьалхатоттуш, Кутин биллам тIеэцнехь, говр тарраш тIехь къевссинчун хир йу аьлла, амма гIебартойн эла йаьхь а, кхетам а, лаккхара син-оьздангалла а йолуш хиллера. Цо обаргана совгIатна ийцира хIара дин, цул совнаха обарге шен хьошалла а кховдийра. – Ваха веза цхьаьна дийнахь эла волчу хьошалгIа дика совгIат а иэцна – ойла йира Кутас, ткъа шен динан кхесах дайн куьйг а хьокхуш, элира:
– Шек ма вала хьо, сан тешаме доттагIа Эла! Цкъачуна шортта чекхдаккха дезаш гIуллакхаш ду вайшинан, амма Дала мукъ лахь кестта ас гойтур бу хьуна хьан Даймокх, хьо лерина лелийна волу Кургако а, хьан доттагIий хилла гIебартойн дой а, хьо вина хилла кхал – хьан нана Псыдахэ а. Иза а хир ма йу хьуна сагатдеш…
Аьрру агIор Нальчик а йуьтуш, Кушмэзыкъуей (хIинцалера Баксан гIала) олучу йуьрта хьажийра цо шен говр. Нальчик гIалина шийтта-пхийтта чаккхарма гена йоцуш Iуьллучу цу йуьртахь бехара Кутин ден уллера накъостий. Уьш болчохь буьйса а йоккхуш, жимма садаIа сацам бира Кутас. Обарган ден тешам болу хилла накъостий бара уьш – гIебартойн элий. Кутина хаьара дахарехь муьлхха а чолхе киртиг тIеIоттайелча, царех теша мегар дуй. Буьззина къонахийн а, Кавказан бакъ болчу ламанхойн а масала дара и гIебартой.
Сийна Iуьйре стиглахь йаьржачу хенахь кхечира Кута Кушмэзыкъуей йуьрта. Говре меллаша ког боккхуьйтуш воьдура иза Алхасан кIентан Мисостан цIа долчу агIор. ЦIеххьана цхьаммо мохь туьйхира:
– Кута! Хьо вац иза?!
Шена тоьпан лаг озо кийча, йухахьаьжира нохчийн обарг. Цуьнга мохь тоьхнарг хиллера Мисостан маьхча Тембот. Кута сиха говрара вуссуш дегайовхонца маракхийтира ша гина хазахеттачу гIебарточунна.
– Хьо-м дийна хиларал совнаха, могуш а хилла! – велавелира Тембот. – Хьо чIогIа лазийна аьлла хезнера тхуна. Мисостаца а, Танаца хьо волчу Довта-МартантIе догIур ду аьлла а дара тхо-м. – Тембота эккхийтинчу гIовгIанна арабевлира луларчу керташкара ламанхой, амма Кутина хаьара вежараллин йовха уьйраш йолчу ГIебартан йуьртахь шена кхераме хIумма а доций. ХIара Темботаца къамел деш воллушшехь, ламанхойх цхьаммо Мисосте хаам бина хилла Кута Кушмэзыкъуевохь ву аьлла. Ша мох санна сихвелла кхечира Мисост. Обаргана уллохь гулделла адам дIасатоьттуш, маравоьллира цо Кута.
– Ассаламу Iалайкум, сан ваша! Ма воккхаве со хьо могуш-маьрша сайна гуш. Мисоста цIехьа вигира обарг, ткъа Темботе а, кхин болчу ламанхошка а элира:
– Кута, гена некъ бина гIелвелла ву, буьйсанна наб йина вац. Цундела цкъа садоIур ду цо, тIаккха сарахь со волчу гуллур ду вай массо а, дууш-молуш, цхьаьна мерза хан йаьккха. Ламанхой реза хилла дIасабахара, суьйрене сатуьйсуш. ГIебартахь чIогIа лоруш вара нохчийн обарг, цундела хIоранна а лаьара, цуьнан доьналлех дуьзначу сибатах бIаьрг тоха а, цуьнан къамелашка ладогIа а.
Олхазаро тIам тоьхча а хезар долуш, тийналла йоьссира Мусостан кертахь. Хьаша-да сий долуш тIеэцаро йоккха меттиг дIалоцу гIебартойн къоман амалехь, цундела жима а, воккха а Куте наб йайта а, садаIийта а лууш, совнаха гIовгIанаш йеш вацара. Ткъа Кута-м дукха ца виссира мерзачу набаран йийсарехь. Дечиган маьнги тIехь Iуьллура иза, шен дахаран ойланаш йеш. Кху чохь шен дахаран ткъе итт шо хан ма йаьккхинера кхуьнан дас – Довта-МартантIера ГIезин кIанта Маьхьдис, цундела кху йуьрта а, кху хIусаме а кхаьчча, ша сийлахь йезачу Макке кхаьчча санна ма хетара Кутина. Кху маьнги тIехь хийлозза набаро товжийна хир ву кхуьнан да.
– ХIун ойланаш хилла те цуьнан? Хиллий те кханенга сатийсам, йа цуьнан берриге а лаамаш мостагIашна йекха йезачу чIираца боьзна хилла теша? – ойла йора Кутас. ХIоразза а ша кху хIусаме веъча, Кутас даггара баркалла олура гIебартошна, цара хIара чоь хийцам боцуш йитарна. Обаргана сел хьалхе шен дахарера дIавахана волчу ден амат, ша Iаба ца кхиъна цуьнан йовхо а, марзо а кхузахь йехаш санна хетара. Обарган ойланаш йукъахйохуш, цхьаммо меллаша неI туьйхира. Иза хиллера Мисост.
– Ассаламу Iалайкум! – самаваьккхина хир ву ас хьо? Цхьа жимма мукъне а садаIар хиллий хьан? – Кутина улло охьалахвелира гIебарто.
– ВаIалайкум ассалам! – дегI нисдеш, гIаьттира Кута. – ЧIогIа дика наб йира ас хIумма а новкъа доцуш. Кху хIусамехь дукха наб йан дог ца догIу сан. Йерриге а ойланаш дIалоцу дех боьзна болчу дагалецамаша. Кхета лаьа муха хилла теша цуьнан ойланаш, дахар. Цхьа чIир йоцург, дуьнен чохь цо сатуьйсуш а, сагатдеш, хIума хилла хир ма дай.
– Кушмэзыкъуевохь хьошалла деш ву сан дешича – Атажукон кIант Жанхот. Цунна дукха хIума хаьа хьан дех лаьцна. Кегий нах болчу хенахь, сан деца цхьаьна дукхозза хьан да волчохь хьошалгIахь хилла бу уьш. Вайга вогIур ву иза тахана. – элира Мисоста.
Цара къамел дечу хенахь делкъ ламазана молла кхайкхира.
– Доккхачу цIа чохь хьоьга хьоьжуш хир ду тхо. Цигахь цхьаьна ламазаш дийр ду вай, кхачанах а кхетар бу. Кестта лор а вогIур ву хьан чевне хьажа – элира Мисоста.
Делкъе йеш, Мисост волчохь гулбеллера КушмэзыкъуевгIеран тайпанера шортта йаьхь йолу гIебартой. Царна йукъахь вара къано Жанхот а, Мисостан шича Тауби а, иштта Аслангери а, Джилйахстан а, Закирей а, Гошанашхо а, Тембот а, Тан а. Кута уггаре а хьалха къано Жанхотана маракхийтира.
– Де дика дойла хьан, Жанхот! Ма хазахета суна хьо тхайн гуонехь могуш-маьрша гуш. ГIебартойшна хилла ца Iаш, йерриге а Кавказана оьшуш стаг ма ву хьо! МостагIаша новкъарло йеш ца хилча, йерриге а Кавказехула дIасалело везаш вара хьо, вайн дайша вовшашца латтийначу ларамах а, церан уьйрашах а хьоьга дуьйцутуш! – элира Кутас.
– Диканца дукха вехийла хьо! Ма хаза хета тхуна хьо ГIебартахь гича! Хьайн ден весеташ кхочуш дан араваьлла хила тарло хьо. Цуьнан боккха лаам бара Кавказан тоьлла къонахий вовшахтоха оьрсийшна дуьхьал бечу къиссамехь. Цуьнан иза кхочуш дан аьтто ца белира, амма ахь цу гIуллакхехь баккхий кхиамаш баьхна. Кавказхой теша хьоьх, хьуна тIаьхьахIитта кийча а бу уьш. Адыгаш даима хир бу хьоьца! – Жанхота куьйг кховдош, массо а стоьла хьалха кхайкхира.
– Кута, кхузахь вовшахкхеттарш, хьо теша мегар долуш, хьан вежарий бу хьуна. Хьан ден а ца байнера тхоьх тешам, цундела хьан тешам ца байта а хьовсур ду тхо. – элира обарге Мисоста.
Йуучух кхеттачул тIаьхьа, чай молуш, Iаш болу ламанхой Жанхоте хьоьжура, цо цхьаъ дийцаре сатуьйсуш. Ишта ду Кавказан сирла ламаст – хуьлийла иза той йа тезет, амма къаночунгара зеделлачух пайда иэца безаш хуьлу ламанхой. Жанхот кхийтира ламанхой шен къамеле ладогIа хьаьгна хиларах. Мисоста элира соьга, хьайн дас ГIебартахь лелийнарг а, цо кхузахь дIакхехьна некъаш а довза лууш ву хьо аьлла – вистхилира Жанхот Куте. Йерриге а ГIебартана девзара хьан ден йист йоцу доьналла, амма сан иэсехь даима баха биссина цуьнан дахарера цхьа шатайпа хилам – генарчу паналле хьоьжуш, велакъежара къано. Хетарехь иза дагалецамийн йийсарехь вара.
– Хьан да Маьхьди шатайпа стаг вара. Шу нохчий наггахь сонта а, чIогIа аьрха амал йолуш а, собар доцуш а къам ду. Амма цуьнгахь цхьа шатайпа кIоргера синтем бара. Дийнна де доккхура цо цхьа дош ца олуш, цхьаьнга а вист ца хуьлуш. Ца хаьа, балано ша Iовжорна а хила тарлора иза ишта. Амма цуьнгахь болчу синтема, иза тIех тийна а, паргIат а хиларо ма чIогIа Iехабора цуьнан мостагIий. Къиссамашкахь самайолура цуьнан кийрахь нохчочун кIоршамалла а, аьрхалла а. Сан дас дукха дуьйцура цо гайтинчу доьналлех лаьцна, амма суна тахана дийца лаьа суо теш хилларг. Мисостан деца Алхасаца дукха жима волуш дуьйна хьан деца йовха уьйр хилла ву со. ГIебартахь Iаш вара иза хIетахь, Довта-Мартанан бахархойх чIир иэца делла дош кхочуш деш. Цуьнца цхьаьна нохчий а хуьлура – дукха хьолахь Маьхьдин шичой Нохмарза а, Ахмарза а, амма коьртачу декъехь Маьхьдица лелаш гIебартой бара, тхан кучмузуково тайпанера нах.
Цара кIело йеш хиллачу оьрсийн эскархошна хIинцале хууш дара, Маьхьди шайна тIаьхьаваьлла лелар, цундела чIогIа ларбора цара шайн меттамотт дукха хьолахь жIаьлешца. Хилозза чевнаш хилла йухавоьрзура Маьхьди, шен накъостийн декъий а дохьуш, амма йухавала дагахь вацара шен йуьртах а, доьзалах а чIир иэца хьаьгна волу нохчо. Дукха хьолахь цунна новкъарло йеш хилларш оьрсийн Iамийна жIаьлеш дара. Геннара а обаргаш гучубевлча, гIовгIа йоккхий, самабохура цара эскархой. Цкъа цхьаьна дийнахь тхан кIотарахь хьошалгIахь вара Приэльбрусьера цхьа къена балкхархо. Цу дийнахь цига кхечира чевнаш хилла нохчочунца Маьхьди а, цуьнан кхин болу ГIебартара накъостий а. Йуха а аьтто ца баьлла вас хиллачу ламанхоша дийцира къаночуьнга оьрсийша хIилла долуш шайна йиначу дуьхьалонах.
– Борз оьшу шуна! – меллаша вистхилира дукха ойла ца йеш воккха стаг. Цунах цхьа а башца ца кхийтира, амма балкхархочо йуха а элира – нагахь санна шуьца борз хилахь, иза тосайелла жIаьлеш, кхераделла, дIалечкъар ду. Воккхачу стагана дагадеанарг хьекъале хIума дара, амма мичахь карор йу борз? Йа муьлха борз лелар йу кхара аьлларг деш, кхарна тIахьа а йаьлла?
Атажуко, сиха воккхачу стагана улло охьахууш, вистхилира:
– Балкхарера лаьмнашкахь каро мегар дара борзан кIеза. Ма чIогIа оьшура иза тхуна. Муха карор дара теша иза?
Ткъа Маьхьдим-м вистхуьлуш вацара, гулбеллачаьрга лерина ладугIуш.
Балкхархойн къаночо, вехха ойла йина жоп делира:
– КIеза оьшу шуна, амма нохчаша цкъа а доккхур дац ненах берзан кIеза. Нохчийн ламастехь дац борз йийсаре латто.
Цуьнан къамелах реза хуьлуш вистхилира Маьхьди:
– Нийса боху ахь. Хьуна дика девзаш хилла тхан къам. Ша тхо санна цхьаьнга а караIамайелла йац борз, цундела хаьржина и экха цкъа а цхьаьнга а къарбелла боцучу нохчаша шайн къоман билгало…



II
И къамел церан бIаьстенан йуьххьехь хиллера, ткъа масех бутт баьлча, йуха а кхечира тхан кIотара воккха стаг балкхархо. Кучукан керта волуш, мохь туьйхира цо:
– Мичахь ву шун нохчо? Берзан кIеза йеана ас цунна.
Массо а арахьедира. Маьхьди а чохь хиллера. Балкхархо забар йеш йа шаьш Iехош ву моьттира ламанхошна, амма цуьнан карахь долчу гали чуьра кIоршаме массеран а бIаьра хьоьжуш, гIигI деш боккъалла а берзан кIеза йара. Цо шех куьйг Iотта а ца вуьтура цхьа а.
– Тхан ломахь догIанаш бахьана долуш дистинчу хис йохийна хиллачух тера ду кхеран Iуьрг. Ша цхьалха карийнера хIара хи йистехь. Леррина хьуна хIара йалош веана со. ХIара кхио а, кхунах хьайна гIуллакх хуьлий а хьажа. Борз барзах кхетар йу – элира балкхархочо Маьхьдига кIеза дIакховдош. – Дуьнен чохь цхьанна а хиъна дац борз караIамо, йа хьоьга а Iамалур йац иза, амма цхьа хIума ду, хьоьх берзан амал шена гича, иза кхетар йу хьо шех лай йан гIерташ воций, цундела хьуна накъост хир йу цунах, ткъа хьо нохчо хиларе терра цкъа а гIертар вац барзах лай йан.
Маьхьдис меллаша караийцира берзан кIеза. Иза лерина хьоьжура цуьнан бIаьра – гIо дехьа суна бехк боцуш Iанийна нохчийн цIих чIир иэца бохуш санна. Дуьнен чохь ша цхьалха виссинчу Маьхьдин дерриге а дахаран маьIна хилира Борзак аьлла цIе тиллинчу берзан кIезах. Нанас бер санна лерина лелош йара цо кIорни. Маьхьдис цкъа а човха ца дора берзан кIеза, хIунда аьлча цунна хаьара борз иза жIаьла дац, цо цкъа а дуьтур дац шена динарг. Бешахь кхобуш, лелош дара цо берзан кIеза. ХIора а буса цуьнан гIийла угIаро шатайпа гIайгIа йоссайора Маьхьдин кийра. ДIаделира цхьа шо. Де дийне долуш, кIезанах къона борз кхиира. Маьхьдина чIогIа тIера йара иза. Иза цIера ваьлча йуучух ца кхеташ, сингаттамо хьовзайора Борзак. Хан мел йоьду, боккхачу балехь вара Маьхьди. Дукха ойланаш йора цо Борзаках. Дала маьрша кхоьллина долу и экха тахана йийсаре хиларна шен бехк хетара цунна. Эххар а сацам бира цо Борзак дIахеца. Iуьйранна сатоссуш, Кушмэзыкъуей йуьртара ламанхошца цхьаьна новкъавелира иза Борзак лаьмнашка дIахеца. Лаьмнийн когашкахь Iуьллучу хьаннийн хотешка кхечира уьш, вордан чохь къона борз а йалош. Маьхьдис меллаша схьадиллира ога:
– ДIагIо, Борзак… хьо маьрша йу хIинца. КъинтIера йалалахь суна.
Борз оган чуьра ара а йаьлла, акха дIасхьахьоьжура, ша боккъалла а маьрша йаларах ца кхеташ, луьстачу хьаннийн цIеначу хIаваах ца Iебаш, хийлозза замано зийначу Кавказан лаьмнийн муьлха дуьткъа тача ша хоржур те ца хууш.
– ДIагIо, Борзак! Маьрша хуьлда хьо лела некъаш! – гIайгIане элира Маьхьдис, ша дагна гергара накъостаца къаьсташ волуш санна.
Борз меллаша хьуьнан йисте дIайолайелира, амма масех гIулч а йаьккхина, йуха хьаьжира иза.
– ДIагIо, Борзак! ДIагIо – йуха а элира Маьхьдис. Борз хьаннийн хотехь къайлайелира. Вехха цунна тIаьхьа хьоьжура Маьхьди. Ма дукха йара цуьнан коьртехь хьере ойланаш. Иза хьоьгура къоначу экханах, цуьнан маьршачу сих а, дегIах а, ткъа хIара-м бекхаман гураша лаьцна ма вара.
Къона ламанхой ворда йоьжначу говраца цIехьа а бахийтина Маьхьди а, Кучук а кхузара гена воцуш Iаш волу шайн хьаша волчу вахара. Иза волчохь дууш-молуш хан а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна Кушмэзыкъуей цIа вогIуш вара Маьхьди шен накъостаца. Кавказан ламастехь ма-хиллара хIусамда хьеший новкъабаха вахара. Йуьрта йисте кхаччалц уьш новкъа бехира цо. Вовшийн Iадика йеш лаьттачу царна цIеххьана хезира адамийн маьхьарий а, жIаьлейн летар а цхьаьна ийна йоккха гIовгIа. Дукха ойла ца йеш цу агIор дIахехкира ламанхоша шайн дой. Дукха хан йалале царна гира ведда вогIу жима кIант, хетарехь иза йуьрта вогIуш вара. – ХIун хилла цигахь аьлла шега деллачу хаттарна бен доцуш жоп делира кIанта – борз лаьцна.
Ловв аьлла цIе летира Маьхьдин кийра.
– Борзак! – мохь белира цуьнга! Багош шен динна шед тоьхна, цуьнга чабол болар оьцуьйтуш, дIахаьхкира цо иза бохам баьллачу меттиге. Цунна тIаьхьахIиттира накъостий а. Борз лаца шайн аьтто баьлла, баккхийбеш болчу ламанхоша тидам а ца бира, Маьхьдин. ГIора дайна, йерриге а цIийх йуьзна Iуьллура Борзак, амма хIете а ша къарйелла ца хилар гойтуш, цергаш хьекхайора цуо.
– Борзак! – мохь туьйхира Маьхьдис, адамийн тобанна йукъаэккхаш. Хьоме аз девзина, къона борз тохайелира. Иза лаьттара хьалагIатта гIертара, амма гIора дацара цуьнгахь.
– Совцаде шайн жIаьлеш! – оьгIазе мохь туьйхира Маьхьдин накъоста Кучука. Маьхьди меллаша барзана улло охьалахвелира. Цо сихонца теллира берзан дегI, хиллачу чевнийн йозаллин барам буста гIерташ.
– ХIун хиллера кхузахь? ХIунда йина аш цунна и гIело? Жима ма йу иза.


ХIун зен динера цо шуна? – оьгIазе хаьттира адамашка Кучука.
– Сийсара йуьрта йистехь жIаьлешна тоссайеллера иза. Ши жIаьла этIийнера цо. Тхо цецдевллера борз ишта йуьртана улло кхачарна. Иза сиха йедда хьуьнха дIагIур йу моьттура тхуна. Амма тахана Iуьйранна сатоссуш, жIаьлейн летаро йерриге а йурт гIаттийнера. Цундела барзана кIело йан арадевллера тхо массо а. Тхуна-м иза шортта ламанца лелла гила борз йу моьттура, ткъа хIара-м цхьа кIеза хилла. – бехказала вахана жоп делира ламанхошна йукъара цхьаммо.
Кучука куьйг кховдийра цуьнга:
– ХIумма а дац. Шу бехке дац. Шуна хала ца хетахь, тхайца дIайуьгур йара оха иза – элира цо.
– Вай дер хетар дац тхуна-м хала – реза хилира гIебарто.
Халла садоьIуш йара Борзак. Цуьнан чевнийн йозалле хьаьжча, иза дийна йуьссур хиларан жимма а догдохийла йацара. Бехчалга йукъа а хьарчийна, говрахь Iаш волчу Маьхьдига дIакховдийра ламанхоша чевнаша гIелйина къона борз. Жима бер санна шен мара къевлира дагна хьоме и ларча Маьхьдис.
– Кхоьлиначу бIаьргашца хьоьжура борз Маьхьдига.
– ХIинца кхетар йу хьо соьх, Борзак. ХIинца цхьаьнахьаьрчи вайшинан дахаран некъаш. Ишта ас а Iевшина хьуна къизачу дахаран къаьхьо. Тахана хьо санна хийлозза мецачу жIаьлейн гуонехь цхьалха виссинера хьуна со дала орца доцуш. Цундела оьшура суна хьоьгара гIо, амма хьо соьх ца кхийтира. Хьо дукха къона йара, хьуна маршо йезара, хьуо ас йийсаре латтош йу моьттура хьуна, цундела сан кийра шийла ша буьллуш угIура хьо, тIаккха ас хьо кхин тоха са ца хилла маьрша йитира, амма кхолламна лиъна хилла вайшиъ йуха а заманан майданехь цхьаьна нисдан. Варийлахь, хьан йала йиш йац хьуна, хьайн ма-хуьллу тассалолахь кху мекара дахарах. Хьо лийр йац суна хаьа, хьо талур йу. Хьо бекхам иэца безаш ма йу, ша со санна, ткъа бекхам бан, чIир эца хуьлу лаам ду хьуна кху дуьнен чохь уггаре а тоьлла молха. Цо кошан бисте вахнарг а йухаверзаво хьуна – барзе адаме санна къамел дора Маьхьдис, ткъа хетарехь иза цунах кхетара…
Маьхьдис лерина лелор бахьана долуш, масех бутт балале тайелира борз, амма цунна хIинца а ца хаьара берзан дагахь дерг – йуха а йист йоцу маршо хоржур йу цо йа Маьхьдин накъост хир йу. Йуха а гулбелира Маьхьдин кертахь ламанхой. Борзак массеран а лерина бIаьра хьоьжура, боккъалла а цхьа мехала сацам тIеэца ша кечйелла йолуш санна.
Маьхьдис йуха а схьадиллира ога.
– Борзак, дIагIо хьайна лаахь. Ас маьрша йуьту хьо! – элира цо йуха а.
Борз меллаша оган чуьра ара а йаьлла, лерина Маьхьдига хьожуш, цуьнан когах муцIар а Iуттуш, охьахиира. Массо а кхийтира – барзо Маьхьди хаьржина. Нохчо шен тешаме доттагIчунна улло охьалахвелира, цуьнан месала корта шен мара а къовлуш:
– Шек ма йала хьо, Борзак! Хийла мостагIчун дог перпош, толлур ду вайшиммо кху лаьмнийн некъаш. Со а ву хьуна хьо санна маьрша! – элира Маьхьдис.
– Маржа нохчий йаI! Ма эрна ца олу шуьх берзалой! – велавелира Атажуко. Берзан а, Маьхьдин а гергарлонан сийна доккха той хIоттийра цу дийнахь гIебартоша.



III
Ши-кхо шо даьлча Борзаках гила борз хилира. Иза боккъалла а тешаме, дика накъост йара Маьхьдин. Хийла мостагIчунна тIелатар динера цу шиммо цхьаьна. Оьрсийн эскархошна йевзинера иза. Маьхьдил а хьалха, уггаре а чIогIа лаьара царна и борз хIаллак йан. Цара-м тоьллачу обаргах санна берзан коьртах мах а хIоттийнера.
Шен йерриге а къоналла, синтем, дегIан а, синан а паргIато дIайеллера Маьхьдис шен йуьртана тIелатар дан омра деш хилла болчу эскархошна чIир эца. Царма байинера хьан де йуьртахой а, хан де моссоа доьзалла а – зуда а, пхиъ бер а. Заманан йохалла уьш массо а карийра цунна. ТIаьххьара виссинера цхьа гIалгIазкхи майор. Маьхьди-м и лохуш Царицынь гIала а кхаьчна хиллера, амма цуьнан талламашца майора-м генахь ца хиллера. Белхан декхара кхиамца кхочуш дина волчу эскархочунна бакъо йеллера Россин Къилбахь – Кубанера станицехь ваха. ХIинца иза тIеман гIуллакхах мокъа вара, цундела майор маьрша а, синтеме а дахарах марзо оьцуш, шен доьзалан гуонехь, паргIат вехаш вара, ша хийла цIий Iенийна долчу Кавказан лаьттахь, амма цхьаьна аьхкенан буса оьрсийн эсrархочун неIсагIе хIоьттира бекхам – Маьхьдина карийнера цуьнан лар. Иза йара нохчочо чIир иэца арабаьккхинчу некъан тIаьххьара гIулч. Вехха хьаьжира Маьхьди стигланан бIаьра. Кхо йуьхьаьрлаьцна Iалашо къобалйеш санна къегина лепара седарчий, ткъа буьйсанан тийналла йохош наг-нагахь хезара Iаламан аьзнаш. Шен тешаме накъосташца цхьаьна Маьхьди гIовгIа йоцуш керта велира. Цу сарахь цуьнца вара шен шича – Нохмарза а.
МостагIчун корехь богура чиркх. КIедачу меттахь паргIатваьлла Iуьллуш вара майор, набарна товжа кийча. Цунна уллохь хьийзара тайначу аматехь зуда, хезаш дара берийн аьзнаш. Цхьа а шатайпалла йацара Маьхьдина гиначу суьртаца – ишта хуьлу доьзалан ирс. Ткъе итт шеран йохаллехь тIулг санна чIагIделла нохчочун дог ца Iевжира, ца делхийра цо тахана ирсах марзо оьцучу мостагIчо хIаллак дина долу шен ирс…
Иза меллаша чоьхьавелира, топ йулуш, ткъа цуьнан накъосташа цIенон гуо лецира. Герзах воьттина, цIий Iано хьаьгна экха санна дера нохчо шена йуьхьдуьхьал хIоьттича, дерригенах а кхийтира майор – бекхаман мах дIабала хан кхаьчна. Пенаца нийсса лаьттара майоран Iадийна зуда, шийла кхерам кегийчу дегнашка буссуш, дIатийра бераш. Йа мостагIа а йа чIирхо а вовшашка вистхуьлуш вацара. Майор цецваьллера шен кертара жIаьла а ца леташ, Маьхьди чоьхьаваларах. Маьхьдис айдира герз, амма цу мIаьргонехь чоьхьавелира, хетарехь майоран уггаре а жимох волу кIант. Стигла санна сийна а, цIена а долчу беран бIаьргаш чохь бацара жимма а кхерам – иза ца кхетара хуьлуш долчунах. Жима кIант велакъажарца хьаьжира кхайкхаза веанчу хьаше, ткъа йуха шен дена доггах марахьаьрчира, тховса иза шена тIаьххьара гуш хилар жимачу даго хьехча санна. Шен ден некха тIе корта а биллина, вехха хьоьжура жима кIант Маьхьдин бIаьра. Маьхьди кхетара шен кийрахь йаьлла цIе мостагIчун беран бIаьргийн сийналло йойуш хиларах…
ХIинца а чIагделла ца хилла замано шерашца чахчийна дог. Дуьхьал тессира шен делла Iуьллуш хилла пхи бер. Йеллачу ненан дегI маракъевлина хилла церан кегий куьйгаш, йаьххьаш тIехь йиссина нуьре серло, хьомечу йуьрта тIехула айделла хилла сийна кIараш, къиза байинчу махкахойн декъий. ХIун ойла хилла те кхуьнан доьзалан дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь? Кхойкхуш хиллий те уьш хьомсара дега, боьхуш хиллий те цара мостагIчунга къинхетам? Кхуьнан дахар а ма дара ишта ирсе а, токхе а, тахана хIара кхайкхаза хьаша хилла чоьхьаваьллачу кхуьнан мостагIчун санна. Безам а бара, синтем а бара, дахаре шовкъ а йара, кхууьш тIаьхье а йара, чуверза хIусам а йара. Цу ша дерригенах а цхьаьна дийнахь ваьллера Маьхьди, ткъа цул тIаьхьа дерриге а дахар чIир хилла дIаделира. Кхуьнан дахарехь хIинца диссина хIумма а дацара, бекхам боцург. ЧIир иэца хIоттийначу Iалашоно дузийнера кхуьнан дахар маьIнехь, ткъа кху буса бекхаман рузманехь дIалуьстур йу тIаьххьара агIо. Довта-Мартанна къиза тIелатар дан омра луш, куьйгаллехь мел хилларг ткъе итта шеран йохаллехь хIаллак вина Маьхьдис, тIаьххьара виссинарг хIара майор ву. Тоьпан лаг озо кийча вара нохчо, амма цунна гуш вацара мостагIа, цуьнан цIийх Iийдалучу деган уггаре а йаьккхийчу кIоргенашка кхийдаш хьоьжура жимачу беран сийна ши бIаьрг. Цо маракъуьйлура шен да, цуьнан йовхонах ца Iебаш санна. Эххар а, арахь лаьтташ, хIара сурт тергал деш болуш шен накъостий а, и майор а, цуьнан зуда а – массо а инзар воккхуш, Маьхьдис охьадахийтира герз. Цо меллаша тIевахана беран хьаьрса месаш ловзош, коьртах куьйг хьаькхира кIантана. Бер хазахетта доьлура, шен корта ден некха тIехь лачкъо а гIерташ…
Маьхьди аравелира, Iадийна доьзал а буьтуш. Корах ара хьаьжначу майорана гира говрашка хиъна масех бере кертара ара волуш, ткъа царна йуккъехь, говрана тIаьхьа йаьлла бекъа санна, когашка а хьерчаш доьдура йуьхьанцара цунна жIаьлех тарделла цхьа экха.
– Борз хир ма йац иза?! – цецвелира майор, ткъа йуха цIеххьана дагатессира шен кертара жIаьла летта ца хилар…
ХIумма а ца хилча санна лепара стиглахь седарчий, ткъа Маьхьдис цу буса йерзийра ткъе итта шарна йахйелла хилла ша мостагIашна кхайкхийна чIир. Цуьнан кийрахь къинхетам нуьцкъаха хиллера мостагIашка болчу цабезамал а, чIир эца болчу лаамал а, бекхаман ницкъал а. Маржа-йаI, стенах дина хилла теша цуьнан сел онда а, цуьнца нийсса кIеда а хилла, баланаша мел чахчорах чIагI ца делла дог.
Масех шо даьлча, цхьаьна къизачу къиссамехь оьрсийша герз тоьхна йийра Борзак. Ишта виссира, Кута, хьан да шен тешаме накъост воцуш, ткъа цуьнан дахарера и хилам тахана санна сан бIаьргаш хьалха лаьтта. Ма ларамза дац хьо доьналлех вуьзна хилар… – элира къена гIебарточо Жанхота. Иза хьалагIаьттира дIаваха ойла йолуш. Цунна тIаьхье хьалагIевттира кхин болу ламанхой а.
– Мел хан йаккха дагахь ву хьо тхо долчохь? – хаьттира Жанхота.
– Тахана дIаваха дагахь ву со. Шу гина суна, шун рицкъанах а кхетта со, ткъа сарахь новкъавала мегар ду – велакъежира Кута.
– Тахана оха дIавохуьйтур вац хьо. Хьоьга хьоьжуш лор ву. Иза хьан чевне хьожур ву, тIаккха Iуьйранна сатоссуш, ГIебартара цхьаьна арадевр ду вай. Соьца Тембот а, Тан а хир ву. Оха новкъавоккхур ву хьо хьан доттагIа Хьапагож волчу – элира Мисоста, ткъа цо аьллачунна реза хуьлуш, корта теIош вара къано Жанхот а.
– Вайн чергизойн вежаршка доккха салам-маршалла дIало. ЦIа воьдучу хенахь, тхуна тIех ца волуш, Кушмэзыкъуей а вола – элира Жанхота, шайн йуьртан гIебартойн маттахь бакъ йолу цIе йоккхуш.



Хапагож

I
Iуьйренан ламазаш диначул тIаьхьа, сиха марта а дина, Чергизара Хатухшукай кIотаре новкъабевлира накъостий. КушмэзыкъуейгIера тайпанера гIебартойн элийн гуонехь дийнахь аравала а кхераме дацара Кутина, нагахь санна йуьртан йистог толлуш лелаш йолу гIалгIазкхийн тоба кхетахь а. ЙуьхьтIе башлакх оьзна волу иза цхьанна а вевзар вацара, ткъа кхуьнца цхьаьна болу гIебартой махкахь лоруш а, бевзаш а нах бара.
МаьркIажен бодано ламанийн баххьаш хьулдечу хенахь, кхин новкъахьовзам боцуш, чергизойн кIотаре кхечира ламанхой. Кутина дика йевзара кIотар – иза дукхозза хиллера кхузахь. Хьапагожан кевна кхаьчча, говрашкара биссира ламанхой. Кевнаш схьадоьллуш, араваьллачу къона чергизочунна сиха вевзира нохчийн обарг.
– Ассаламу Iалайкум! – дегайовхонца маракъевлира цо Кута, ткъа къона ламанхочунна кхин а чIогIа хазахийтира Мисост чергизойн маттахь шега вистхилча. Хьеший Хьапагож волчу чоьхьабевлира. Ша волчу накъосташца Кута веъний, хиъна волу Хьапагож хьалагIатта гIерташ воллура, амма Кутас ца магийра цунна.
– Ассаламу Iалайкум! Оха пурба ца делла хьуна меттахвала а! – Кутас доггах маравоьллира шен дуй биъна ваша Хьапагож. ГIебартой гина а хазахийтира Хьапагожана. Цунна Мисост дика вевзара. Кутица буьйса йоккхуш цуьнан хIусамехь хиллера иза.
– Лараме Хьапагож! Кута ша дIавахийта ца лиира тхуна. Чевнаш хиллачу хьоьга хьажа-хIотта вогIуш вуйла хиъча-м мелхо а ца лиира иза ша вахийта. ХIорш вайн вежарий бу хьуна – Тан а, Тембот а! – бовзийтира гIебарточо шен цIийнах нах.
– Барам боцуш хазахета суна шу гина. Ма дика ду-кх аш сан ваша ша новкъа ца валийтина – баркалла элира Хьапагожа гIебартошна. Кута чергизойн обаргана улло охьалахвелира.
– Мичахь лазийна хьо? – цуьнан чевнан йозаллех кхета гIертара Кута.
– Тхайна тIаьхьабевлларш тило гIерташ, балкхархошца цхьаьна Майски станица йолчу агIор дIадуьйладелира тхо, цигара уьш Лаккхарчу Балкхаре гIур бара, ткъа тхо Исламейхула Чергиза дехьадевр дара. Майски станицина го баьккхина, оха кхин дIа некъ беш, тхуна тIаьхьайелира гIлагIазкхийн тоба. Со, сайци кхин виъ ламанхо а волуш, царна кIело йан сецира, уьш совцо. Уьш тхуна улло кхаьчча, оха тIе герз долийра царна, масех стаг говрара вожош. Уьш боьхна, баьржина боллушшехь, оха сихонца тхайчарна тIаьхьа хехкира говраш. Тхуна тIаьхьа герзаш детта долийра гIалгIазкхиша. Суна аьрру белшах кхийтира даьндарг. Жимма лахахь кхеттехь, дагах чекхйер йара, амма цкъачунна висси со – элира Хьапагожа.
– Вайх хIоранна а Дала билгалйина хан йу, цундела цхьа а тIаьхьа а вуьссур вац, йа хьалха а вер вац! – элира Хьапагожан белшах куьйг тухуш, гIебарточо.
– Кута, шуна стол мичахь кечйича нийса хир дара теша? – хаьттира Хьапагожа.
– Стол хьо волчу чохь кечйича нийса хир ду. Хьуна а луур ма ду, хьайн хьешашца цхьаьна кхачанах кхеташ марзо иэца! – хьехар дира Мисоста.
– ХIумма а дац! Цхьа ши де даьлча, сан хIусамнана цIа йогIур йу, тIаккха цо дика лелор ду вай. Шен ден цIа йахана йу иза! – элира чергизочо.
– Кута! Хьапагож! Тхо хIинца меца а дац, садаIа аьтто а баьлла, цундела ГIебарта дIадахча нийса хир ду. ХIинца тхан ваша Кута шух тешна а вуьтуш, майрра дIадаха мегар ду тхо шун пурбанца! – элира Мисоста.
– И санна дерг дийца а ца оьшу! И хIун къамел ду? Ас шаьш дIадохуьйтур доций ца хууш ду шу? – реза воцуш цкъа цаьрга, йуха Куте хьоьжура Хьапагож.
– Мисост! Хьапагож нийса луьйш ву! Суна ца лаьа шуьгара сан доттагIчунна вас хилийта. Шу дуьххьара хьошалгIахь ду цуьнан хIусамехь, цундела буьйса ца йоккхуш, новкъадовлар гIиллакхехь хир дац. – элира Кутас, хьалагIаьттина хилла гIебарто, белша тIе куьйг диллина охьахаавеш.
– Дер тхуна дагахь ма дацара хьан доттагIчунна а, хьуна а вас йар. Цундела къинтIера довла тхуна! – элира Мисоста, Хьапагожан хьошалла а, цо кховдийна довха вошалла а хазахетарца тIеоьцуш. – Амма цхьа хаттар кхолладелла тхан. Хьапагож дуй биъна ваша хIунда ву, ткъа тхо уллера доттагIий бен дац? – лерина Куте хьаьжира Мисост. Цу хаттаро самукъадаьккхина буьйлура ламанхой.
– ХIусамден бакъонаш лоруш, Хьапагоже дийцийта деза иза, цул совнаха иза ша ву со шен дуй биъна ваша ву аьлларг, оцу кепара тхан йукъаметтигаш жоьпаллин лаккхарчу тIегIане а йохуш! – элира Кутас.
Хьапагож велакъежира. Гуш дара мел беза а, сирла а бу цунна тахана ша Iора баха безаш болу дагалецамаш.
– Иза сан дахарера шатайпа хилам бара. Цуьнан орамехь Кавказан къаьмнийн доттагIаллин гIиллакх ду. И гIиллакх лело а, ларда а деза вай массара а! – элира Хьапагожа, маьнги тIехь хьалахууш.
– Пхийттара ваьллачу дийнахь дуьйна вайн мостагIашца къиссам латтош ву со. ВуьрхIитта шо долчу хенахь, голех чов йинера суна. ХIетахь дуьйна виссина со астагIа. Цундела олуш ду соьх халкълахь астагIа Хьапагож – велавелира чергизойн обарг, ткъа йуха лерина хьешашка а хьаьжна, дIадолийра цо шен къамел.
– ХIетахь Кавказехь со дика вевзаш жима стаг вара. Цхьаьна дийнахь, Бесленейхь Iаш болчу сайн ненахойн тойнехь суна йевзира исбаьхьа хаза йоI. Иза хиллера ногIийн эланан йоI. Ханна чIогIа жима йара иза, амма цуьнан хазалло бен доцуш ца вуьтура цхьа а. Цу тойнехь со вуй хиъча, со шена гайта аьлла дехара дина хиллера цо. Соьга сиха хаам бира Ураковски ногIийн эланан йоI, хазаллица цIейаххана йолу Сююмбике йу аьлла со ган лууш. Цу дийнахь девзира тхойшиъ. Цул тIаьхьа наг-нагахь цхьацца тойнашкахь гар нислора. Ма-дарра аьлча, тхан дегнаш вовшашка кхийдара. Цунах лаьцна хиъначу Сююмбикен дас дIахьединера шен йоI элийшка бен маре йаха мегар дац аьлла, ткъа со-м шуна хууш ма хиллара маьрша чергизо ву. Сан тайпанна йукъахь цкъа а ца хилла йа элий а, йа леш а. Со-м дог диллина Iаш вара, амма Сююмбике ца хиллера йухайер йолуш. НогIийн арахь хьоькху мох санна чехка йара йоьIан амал. – велавелира Хьапагож. Цуьнан бIаьргийн лепарехь хIинца а гуш бара хIусамнене болу безам. – Тхойшиъ тIаьххьара гиначу хенахь, Сююмбикес суна эхь дуьллуш, эли-кх – Кавказехь цIейаххана обарг вац хьо? Хьайга луш ца хилча, йадийна йаккха йеза-кх! Ас сайн накъосташца йадийра Сююмбике. ХIетахь доладелира ша дерриге а. ЙоьIан лаамца, иза Хьапагожана йалийна аьлла хаам эцна бахийтина геланчаш, ногIийша лелхийнера, ткъа тхуна мостагIалла кхайкхийнера. Сан ненахой – Бесленеера элий а гIоьртира суна гIо дан, амма церан а гIуллакх ца хилира. НогIийша шайн йоI цIа йалайе бохура, ткъа Сююмбике цIа йаха туьгуш йацара. НогIийшца барт бан аьтто бео боций хиъча, Бесленейра къаночо сацам бира нохчашка гIо деха. Цо кехатаца геланча вахийтира Имам Шемалан наиб хилла волу Довта-МартантIера Эза волчу.
НогIийн коьрта къано Эзин доттагIа вара, кест-кеста чIинхой болчохь хьошалгIахь хуьлуш а, цара чIогIа лоруш стаг а вара. Амма хала хеташ делахь а, Эзин аьтто ца белира тхо долчу ван, ткъа шен метта цо шен вешин кIант, хIинцале Кавказехь дика вевхаш волу обарг Кута ваийтира. Цо Бесленей Эзера кехат деара. – дегайовхонца Куте хьаьжира чергизо. – ХIетахь цо Эзера кехат ногIийн Ураковски тайпанера къаночунна а деара. Суна-м хIетахь моьттура кху жима стаге муха дерзалур ду Бесленейра элийшка а ца дерзалуш долу дов. Кута-м Кавказехь вевзаш вара, адыгийн йукъараллехь къаьсттина чIогIа ларам болуш а вара, амма хIете а уьш дахарехь зеделларг долуш, дуьне диъна къаной бара. Амма со гIалатваьлла хиллера. НогIийшца барт барал совнаха, Кутин аьтто белира цаьрга тхан къоначу доьзална латта билгалдайта а. – доккхачу баркаллица, дегайовхонца шен дуй биъначу вешин бIаьра хьоьжура хIинцалц къовламе а, буьрса а амалца къаьсташ хилла чергизойн обарг.
– Ас-м доккха дакъа ца диллинера цу гIуллакхехь. Сан девашас Эзис къастийнера и дов. Заманан йохалла ногIийшца доттагIалла лелийна вара иза, цундела цуьнца ларам латтош, шайн сий лардира ногIийша. – жоп делира Кутас.
Накъостийша шуьнехь дуккха а хан йаьккхира, дIаэхна зама дагалецамашкахь луьстуш. Шортта дара ламанхой дийца. Кавказехь цхьаьна а къоман дахар цкъа а ца хилла атта. Ломара охьахецаделла догIу дистина хи санна буьрса а, чехка а бу кавказхойн кхолламаш…
Пхьуйра ламаз а дина, дIасабахара накъостий, хIусамдега а, иштта кхана Iуьйранна новкъабовла безаш болчу гIебартошка а садаIийта…

II
Ахбуьйса йаьллачу хенахь, нохчийн обаргана хезира кертахь йаьлла гIовгIа. Меллаша шен топ караоьцуш, кора йисте вахара иза. Керта веара масех бере, царна йукъахь цхьаъ хиллера Хьапагожан зуда Сююмбике. Цу мIаьргонехь Кута волчу IиндагIа санна меллаша чоьхьа велира Мисост:
– Кута, и хIун гIовгIа йу арахь йаьлларг? – гIебарточун карахь а йара дIатоха кийча топ.
– Со суо а вац цкъачуна кхеташ. Хьапагожин зуда цIа йеана, амма со кхеташ вац буьйсанна стенна баьхкина уьш, цул совнаха говраш а йу церан гIора дайна. – лерина корах ара а хьоьжуш, жоп делира Кутас.
– Хьапагоже хатта дезара вай – элира кхолладеллачу хьолах сагатдеш волчу гIебарточо.
– Собар де. Нагахь санна вай оьшуш хилахь, Хьапагож ца олуш Iийр вац. – Кута ша а вара собар кхачийна, хилларг хаьа лууш, амма ламанхойн гIиллакхехь дац хьеший буьйса йуккъе йаьллачу хенахь доьзалийн гIуллакхашна йукъагIерта.
Дукха хан йалале къона ламанхочо Хьапагож волчу дIакхайкхира Кута а, Мисост а, ишта церан накъостий – Тан а, Тембот а. Чергизо воьхна вара, амма хьешашка шен дагара ца хаийта гIертара иза.
– Хьапагож, муха ду хьоьгара хьал? Чевно сагатдеш-м вац хьо? – хаьттира хилларг хIун ду хаьа сатесна волчу Кутас.
– Сингаттаме хIумма а дац. ХIусамнана цIа кхаьчна. – шега делла хаттар тергал ца дан гIертара Хьапагож.
– Дика ду тIаккха, сингаттаме хIума ца хилчхьана, амма нагахь санна цхьаъ хиллехь, тхоьх лечкъо ца оьшу хьуна. – элира Кутас, ткъа цо аьллачух реза хилла, кортош теIош бара гIебартой.
Накъосташа къамел дечу хенахь, чоьхьайелира Сююмбике. Шен хIусамден накъосташна тIейахара иза:
– Кута, марша вогIийла хьо! Хазахета хьо а, хьан накъостий а тхан хIусамехь гуш. Со цIахь ца хиллехь а, шуна дика хьошалла дина хир ду аьлла тешна йу со. – дукха йилхина, цIийделла бIаьргаш лечкъо гIерташ, йуьхь тIе йовлакх уьйзура зудчо.
– Хьо а йогIийла маьрша, сан йиша. Хьапагожа элира тхоьга хьо ден цIа йаханера аьлла. Муха Iаш бу вайн гергара нах? ХIун ду ногIийн арахь? – хаьттира обарга, зудчун бIаьра а ца хьожуш.
– Дика ду ша дерриге а. Сан да-нана а, тхан гергара нах а Каспийн уллохь бехачу ногIийн тойне бахана. ЦIахь цхьа а вац. – Сююмбике къаьхьачу къурдашца сецо гIертара бIаьрхиш, амма кхин са ца тохаделла, мелачу догIанца охьайилхира зуда.
– Хилларг хIун ду? Тхоьгара гIо оьший? – хаьттира Мисоста. Цхьа а вист хуьлуш вацара. Эххар а тийналла йохош, Хьапагожа элира зудчунга:
– Царна иза ишта а хуур ду, цундела дIаала мегар ду хьуна.
Сююмбикен совнаха дош ала а ницкъ ца хуьлура, амма хIете а йелхаран къурдашца долийра цо шен къамел:
– Да-нана цIахь доцуш, хIусаман терго йан йаханера со ден цIа, ма-дарра аьлча жимох волчу вешин терго йан. Цуьнан вуьрхIитта шо ду. Кхин бер хир дац аьлла дог диллинчу хенахь, Дала совгIатна велла ву иза сан дена а, нанна а. Цхьаъ бен воцу кIант йоI-бIаьрг санна ларвеш ву дас-нанас. Цара-м иза тойне а ца вигна, новкъахь цхьаъ хиларна кхоьруш. Сан ден а, ненан а дахаран маьIна ду сан жимох волу ваша. Цунна цхьаъ хилахь, цаьрга лалур дац иза. – йуха а йелхайолайелира Сююмбике, тIаккха йистинчу йуьхьтIехула бIаьрхиш дIасахоькхуш, кхин дIа дийцира зудчо шайна тIехIоьттинчу киртигах лаьцна:
– Армавирехь аьчка некъ буьллучохь болх беш бу цхьа болу ногIий. Йуьхьанцара лур ду аьлла долу алапа луш дацахь а, амма кхин болчу белхашкахьчул совнаха хуьлу церан алапа. ТIаьхьарчу кхаа баттахь алапа делла а дац царна. Шаьш къахьегна даьккхина рицкъа деха вахана хилла цига масех стаг. Царна йиттина, ткъа цхьаъ дIалаьцна. Цунах лаьцна сийсара хиънера сан вешина. НогIийн тобанца цхьаьна, тхан махкахо маьрша ваккха Армавире вахана иза. Уьш цига кхочур буй хууш, цаьрга хьоьжуш хиллера бухахь берш. Гуо лаьцна, къиза йиттина царна. Сан вашас герз тоьхна. Цунна а кхетта герз. Цунна чевнаш йина хила тарло, йа иза-м дуьнен чохь вуй а ца хаьа! – шийлачу маьхьарца дехьа чу дIайедира Хьапагожан зуда. Тийналло дIалецира чоь. Кхузахь чергизочун зуда схьайалош веана ураковски масех ногIи а вара.
– Шуна йукъахь цхьа а вуй Армавирехь царна кIело йинарг мила ву хууш? – хаьттира ногIийшка Кутас. Царех цхьаммо жоп делира, Кута а, Мисост а волчу агIор дIавоьрзуш:
– Со вара цаьрца Армавирехь. Тхаьш болх беш хилла эрмало волчу доьлхуш дара тхо, амма тхо йуьрта чоьхьадовллушшехь, тхуна гуо а лоцуш, шед йетта йолийра. Цара дойура дара тхо, нагахь санна Сююмбикен вашас Мухарбис герз ца тоьхнехь. Герзан тата хезча, дIасабевдира уьш. Тхайн гIуллакх хир доций кхеттачу оха, говраш йухайерзийра, амма цара тхуна тIаьхьа герз детта долийра. Чов хилла Мухарби говрара охьавуьйжира. Цо омра дира тхоьга орца даккха аьлла. Тхуна йукъара цхьа накъост цуьнца виссира, ткъа тхо Мухарбис делла омра кхочуш деш, гIо деха арадевлла. – бехказала вахана, дийцира шайна хиллачу бохамах лаьцна къона ногIийчо.
– Нийса арадевлла. Шу массо а дойур дара цара, тIаккха хиллачунна тIаьхьа а кхууьр вацара цхьа а – элира Хьапагожа.
– Муха йу хьан цIе? – хаьттира Кутас, шен керла ногIийн накъостий бовза лууш.
– Сан цIе Калибек йу, ткъа хIара Хьасан ву – вовзийтира шаьшиъ къона ногIийчо.
– Кхолладеллачу хьолах вай кхеташ ду. Бохам мичахь хилла а вайна хууш ду. НогIийшна дика бевза цига боьду некъ. Эрмалой болчохь латтош а хир ву цара шаьш йийсаре лаьцна кIант. – ойланашка вахара Кута.
– ТIаккха? Аралелхий вай? – хетарехь Тембот сатесна вара кхераме некъ йуьхьарлаца.
– Шу ГIебарта дIагIо. Кхузахь, Хьапагож волчохь шортта адам ду. НогIийшна йукъахь а бу дика къонахий. Адам оьшуш хьал дац вайгахь – элира Кутас Мисосте, ткъа гIебарто-м шен буйнахь топ а къуьйлуш, велакъежира:
– Кута, цу къамелашна хан ма йайа. И гIуллакх къасто вай цхьаьна доьлху, ткъа вайца кхин а мила вига веза хьуна а, Хьапагожна а дикох хуур ду. Оха цкъа а буьтур бац ногIийн вежарий де доьхначу дийнахь тесна! – элира Мисоста.
Цо аьлларг тIечIагIдеш, кIоршаме вистхилира Тан а:
– Тхо а доцуш, цхьа а цхьанхьа а воьдуш вац!
– Шу цу йукъаийзо ца лаьара суна. Со суо шуна ма-гарра гIатталуш вац, цундела чергизой гулбе аьлла нах дIахьовсийна ас. – бехказала воьдуш, элира Хьапагожа.
– Чергизой а оьшур бу. Хан йалийта мегар дац вай. – нохчийн обарг ойланашка вахана хьоьжура ГIебартара шен доттагIашка. Хьапагожана хаьара ша мел дехча а, ламанхой йухабевр боций. Ма-дарра аьлча, ишта царна орцанна хIара а гIоттур ма вара, цундела обарга дуьхьало ца йира лаьмнийн сирлачу гIиллакхна.
– Кута, Армавирехь Iаш Хачатур ву хьуна. Иза вайн къомах схьаваьлла, чергизойн эрмало ву. Хьуна дагавогIу хир ву иза. Цунах теша мегар ду хьуна. – элира Хьапагожа, ткъа гIебартой-м церан къамелана йукъа ца лелхара, хIунда аьлча царна цхьа а вацара Армавирехь вевзаш.
– ТIаьххьара маца хиллера хьо Армавирехь? – хаьттира Хьапагоже Кутас. Хетарехь хIинцале цхьаъ дагатессинера нохчийн обаргана.
– Ахшо хьалха хиллера. Стенна хоьттура ахь? Хьо цигахь хилла а ма ца даьлла цхьа шо а. Бакура цхьа анархист лоьхуш дара-кх вай цигахь. – жоп делира Хьапагожа.
– Армавир йоккха йурт йу. ТIебаьхкина нах дукха хуьлу цигахь. Цигара туьканашка оьху даима луларчу станицашкара гIалгIазкхий. Иштта луларчу кIотарашкара шортта чергизой а, ногIий а хуьлу. Вайн хьолехь иза чIогIа дика ду, хIунда аьлча вайна тIе тидам боьрзур бац нехан. Мухарби дIалаьцначарна хууш хир ду, эла шен кIантана орцах ца волуш Iийр воций, цундела уьш вайга буса хьоьжуш хир бу. Цу тIехь сан шеко йац. Буса ха деш хир бу уьш, ткъа дийнахь садоIуш.
– Делахь, ма нийса лоь хьо. Дагахь доцучу агIор, дийна делкъехь хьошалла дан деза вай царна! – Кутас аьллачух реза хилира Мисост.
– Кхаа тобанна декъадала деза шу! Сан чергизойн коьртехь сан вешин кIант Темрук хир ву. Цунна дика девза Армавире доьлху некъаш. НогIийша а йоккха тоба вовшахтоьхна хир йу. Цара а аш аьлларг дийр ду. – Хьапагож гIайгIане вара. Iемина вацара иза ша вижина а Iуьллуш, кхераме гIуллакх иэцна нах дIаэхийта.
– Дика ду тIаккха. Темрукан чергизошца а, тIаьххьара цигахь хиллачу шина ногIийца а, ГIебартара вайн вежаршца а къилбера Армавирана тIегIур ду тхо Синюхина Сухая Балка йистехула. НогIий Армавире малхабалехьара чу баха беза, Уруп хи йистехула. Кубань хин аьтту агIор Орловски тIай тIехула а бевлла, Армавирехь тхоьга хьоьжуш хир бу уьш. Нагахь санна оьшуш меттиг нислахь, гIо дан кийча хир бу уьш. Делкъ хенахь, туьканаш йолчу могIарашка хIора а тобанера цхьацца векал вогIур ву шаьш схьакхаьчна хиларах хаам беш. Собар дан хан йац вайн, цундела хIинцале новкъадовла деза, цхьа де даьлча, шолгIачу дийнан делкъенехь мукъне а меттиге дIакхача, гIалгIазкхийн гIепашна гуо тоссуш. Вай арабоккхуш берг хIумма а боца некъ бац шуна – цхьа бIе ахбIе чаккхарма хIете а некъ бан беза вай, кхин сов а хила тарло, гуо баьккхина даха дезаш нислахь а. – Кутас хIинцале хIоранан а Iалашо билгалйира, ткъа ша Хьапагожна улло охьалахвелира, ша аьлларг цо къобалдаре сатуьйсуш
– Кута, хьуна и меттигаш дика йевзаш хир йу. Шо а ма ца даьлла, вайшиъ цигхь лелла. – реза хуьлуш, жоп делира чергизойн обарга.
– Цхьа дерг дицделла хила а тарло, амма уггаре а хьалха со вайн доттагIа Оганес волчу гIур ву. Цо довзуьйтур ду тхуна Армавирера ма-дарра хьал.
– Иза мила вара? – ойланашка вахара Хьапагож.
– Алавердян ву-кх – чергизойн эрмало. Дага ца вогIу хьуна? Сурб Геворка килсана гена доцуш Iаш вара-кх иза.
– Дер дагавогIу! Муха ца вогIу?! Вайшиъ хила ма хиллера иза волчохь. – самукъаделира Хьапагожан.
Кута хьалагIаьттира. Хьапагож кхетара уьш сиха хиларах.
– Сан нах кху сохьтехь кийча хир бу. Темрука уьш сихбийр бу, ткъа ногIий ахь ма-аллара, Кута, шиъ шуьца гIур ву, ткъа важа шиъ шайн йуьрта дIагIур ву. Ураковский элий цаьрга хьоьжуш хир бу. – Чергизочо сагатдора шен накъосташна. ХIара цхьаьна а воцуш, дуьххьара боьлхуш бара уьш и тайпа кхераме гIуллакх къасто.
Чоьхьайелира Сююмбике. Иза йоьлхуш а йацара. Хетарехь зудчо дикане дог ца дуьллуш, сатединера шен. Цунна коьрте а догIур дацара шен жимох волчу вешина орцанна Кавказан тоьлла къонахий гIовттур буй.
– КъинтIера довла суна! Шун синтем бохийна ас, лартIахь наб йан а ца дитина шу. Ас хIинцале сайн да волчу Дагестане геланча вахийтина. Кхана Iуьйранна цIа кхочур хир ву иза. Iуьйренан ламазан хан хиллалц, садаIа шайна, тIаккха ас кхача кечбийр бу шуна. – бехказала йаьлла, арайала тохайелира Сююмбике.
– Собар де! – Хьапагожа сацийра шен зуда. – Кутас ламанхой Армавире буьгур бу хьан ваша маьрша ваккха. Царна новкъахь кхалла сиха цхьаъ вовшахтоха. Ламазаш а дина новкъабевр болуш бу уьш.
– Ламазаш а новкъахь дийр ду оха. Iуьйре хиллалц собар дан йиш йац! – элира Кутас. Иза а кхин болу ламанхой а кечам бан арабевлира.
Дукха хан йалале Кута шен тобанца кийча вара Армавирехь йийсарехь волу Сююмбикена ваша маьрша ваккха новкъавала. ХIинцале схьакхаьчнера Темрук коьртехь волу пхийтта чергизочух лаьтта тоба а. Тийналла йоьхуш, куьйг айдира Кутас:
– Армавир кхаа агIор кIоргечу саьнгара гуо лаьцна йу. Цунна чохь боккха гу бу, цу гу тIехь латтанах боьттина пен бу. ЙоьалгIачу агIора и йурт Кубань хин аьрру йиста ларйеш йу. Йуьрта чуваоьдуш кхаа агIонера кевнаш ду, уллохь ха а долуш. Вай массо а кхета деза вай стенга доьлхуш ду а, вайна цигахь мел боккха кхерам бу а. Цундела вай хIинца массо а дагадовла деза. ХIораммо ца лечкъош, шен ойланаш йовзийта йеза – элира Кутас, ткъа гена некъ бан сихйелла йолу обарган говр цхьаьна меттехь соцуш йацара.

Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию (https://www.litres.ru/chitat-onlayn/?art=69871372) на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.